Азов-хӀорд

From Wikipedia, the free encyclopedia

Азов-хӀордmap
Remove ads

Азо́в-хӀорд (укр. Азовське море, гӀирман гIез. Azaq deñizi) — Европин малхбалера Атлантикин Ӏапказан ахкъевлина хӀорд, бердашца ю Украина[1] а, Росси а. Дуьненахь уггаре гомха хӀорд: 13,5 метр бен йац кӀоргалла[2], кӀоргаллин юккъера барам 7,5 м (цхьацца мах хадорца — 6,8 - 8 м)[3]. Атлантикин Ӏапказца уьйр ю хидоькъен а, хӀордийн а еха зӀенца: Керчан хидоькъеӀаьржа хӀордБосфор-хидоькъеМармаран хӀордДарданеллан хидоькъеЭгейн хӀордЛаьттайуккъера хӀордГибралтаран хидоькъе. Ӏапказан гена хиларца Азов-хӀорд бу дуьненахь уггаре генара континентан хӀорд.

Боца хаамаш Азов-хӀорд, Амалш ...

Ширачу заманахь Азов-хӀорд бацара, ткъа Дон кхетара хӀинца Керчан хидоькъе йолчу меттигехь Ӏаьржа хӀордах. Тардолуьйту, Азов-хӀордан акватори юьзина хилар вайн эрал 5600 шо хьалха (хьажа Ӏаьржа хӀордан хи хьадаран теори).

Таманан ахгӀайренан къилбаседа бердаца ю хьалхара палеолитан шира адам лаьттан меттиг Кермек.

Remove ads

Этимологи

Антикан заманахь Азов-хӀордах желтой Меотийн Ӏам (шир.-желт. Μαιῶτις) олура, румхоша Palus Maeotis («Меотийн уьшал»), скифаш Каргалук, меоташ Темеринда (гочдича «хӀордан нана»)[4], Ӏаьрбаша — Бахьр аль-Азуф, туркоша — Бахьр эль-Ассак я Бахьр-ы Ассак (ТаьӀна-сийна хӀорд; хӀинца турк. Azak Denizi), ткъа иштта — Балысыра (Balisira), генуэзхоша, Венецихой — Mare delle Zabacche.

ХӀордан цӀе масийттаза хийцина (Самакуш, Салакар, Майутис, иштта кхин а). XIII бӀешо долалуш чӀагӀло Саксин хӀорд цӀе. ГӀезалойн-монголийн тӀемлоша юьзира Азов-хӀордан цӀерийн коллекци: Балык-денгиз (ЧӀерийн хӀорд), Чабак-денгиз (Чабакхан хӀорд). Кхечу хаамашца азак — тюркийн билгалдош, гочдича – лоха, лахара хуьлу, кхечу хаамашца, азак – тюркийн эркан хикхоче ю, хийцаелла Азау, ткъа цул тӀаьхьа оьрсийн Азов хилла. Хьалха йийцина цӀерашна йукъахь кхин а цӀераш хилла: Бар-эль-Азов (ТаьӀна-сийна эрк); Франкийн хӀорд (франкаш цӀарца кхетабора генуэзхой а, венецихой а); Сурожан (Судакан)[5] хӀорд (Сурож олуш хила тарло хӀинцалерачу Мариуполь гӀаланах[6][7]); Каффан хӀорд (Каффа — ГӀирмара Феодоси гӀала лаьттачохь хилла италин колони); Киммерийн хӀорд (схьадаьлла киммерийхойх); Акдениз (туркойн, КӀайн хӀорд бохург ду). Уггаре бакъдерг, хӀинцалера хӀордан цӀе схьаялар Азов гӀаланах.

Remove ads

Ӏаморан истори

Thumb
1833 шарахь хӀоттийна Азов-хӀордан гидрографин карта.

Азов-хӀорд Ӏаморан исторехь билгалбоккху кхоъ мур:

  1. Шира (географин) — Геродотан заманера, XIX бӀешерал хьалхара.
  2. Геологин-географин — XIX бӀешо — 40-гӀа шераш XX бӀешеран.
  3. Комплексан — XX бӀешеран юккъера тахане кхаччалц.

Географи

Йукъара хаамаш

Thumb
Спутникан сурт (NASA)
Thumb
Азов-хӀорд Мариуполан гергахь
Thumb
Азов-хӀордан гӀамаран пляж

Азов-хӀордан йисттера меттигаш лаьтта 45°12′30″ а, 47°17′30″ а къилбаседа шораллашна тӀехь а, 33°38′ (Сиваш Ӏам) а, 39°18′ а малхбуза йохаллин а тӀехь. Уггаре беха болчохь 380 км, ткъа шуьйрачохь – 200 км; бердан асан йохалла 1472 км; хӀордан майда — 37 800 км²[8] (оцу майдана йукъа ца йогӀу гӀайренаш а, асанаш а, цара дӀалоцу 107,9 км²).

Морфологин хьесапашца иза чӀапа хӀорд бу, чохь кӀезиг хи долу Ӏам бу лоха бердаш а долуш[9].

Ӏаьнан заманахь тарло берриг я цхьа дакъа гӀуоро, цу тӀе ша арабоккху Ӏаьржа хӀорд чу Керчан хидоькъе чухула[10][11]. Дукха хьолехь ша бо январехь, амма шийлачу шерашкахь цхьа бутт хьалха бан а тарло.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads