Альбиев, Ислам-Бека Саид-Цилимович

From Wikipedia, the free encyclopedia

Альбиев, Ислам-Бека Саид-Цилимович
Remove ads

Ислам-Бе́ка Саид-Цили́мович Альби́ев[1] (1988 шеран 28 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, СССР) — нохчийн греко-риман латархо, 2008 а, 2011 а шерашкахь Российн чемпион, 2009 шарахь Европин а, дуьненан а чемпион, 2008 шарахь Олимпиадан чемпион.

Боца хаамаш Альбиев Ислам-Бека Саид-Цилимович, Шех лаьцна ...
Remove ads

Спортан биографи

Ислам-Бека винера 1988 шеран 28 декабрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Ахмед Атабиевич Гасаев. Цо кечвира иза 2005 шарахь Европин чемпион Ислам-Бека хиллалц. Цул тӀаьхьа дукха хан йаллале иза цомгуш хилла велира. ХӀинца иза Ӏамош бу Феликс Аваков а, Умлат Товбулатов а. Альбиеван лакхара кхиам бу 2008 шарахь Пекинехь Олимпиадан чемпион хилар. И боцург шортта кхиболу толамаш бу цуьна.

Иза ву Москохан физически культурин а, спортан а институтан студент.

Remove ads

Йукъараллин болх

2011 шеран 25 февраль дуьйна иза ву Российн студентийн профсоюзан йукъараллин а, экспертан а советан сопредседатель[2]

СовгӀаташ

  • ДоттагӀалин орден[3];
  • Российн Сийлахь спортан говзанча.
  • 2016 шеран 7 сентябрехь цунна йелла «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал[4].

Литература

  • С-А. М. Аслаханов, Х. Х. Хизриев. Физическая культура и спорт Чечни: истоки и современность. — Москва: «Перо», 2015. — С. 83-84. — 240 с. ISBN 978-500086-997-0.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads