Андропов, Юрий Владимирович

From Wikipedia, the free encyclopedia

Андропов, Юрий Владимирович
Remove ads

Андро́пов Ю́рий Влади́мирович (1914 шеран 2 [15] июнь[2][3], станци[4] Нагутски[1], Ставрополан губерни, Российн импери1984 шеран 9 февралехь, Москох, РСФСР, ССРС) — советийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 1982—1984 шерашкахь ССРС куьйгалхо. ССКП ЦК инарлин секретарь (1982—1984), ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель (1983—1984).

Боца хаамаш Андропов Юрий Владимирович, ССКП ЦК инарлин секретарь ...

ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель (1967—1982). 1982 шарахь ССКП ЦК идеологин секретарь а, ССКП ЦК секретарь (1962—1967) а, 1973 шарахь дуьйна ССКП ЦК Политбюрон декъахо (1967 шарахь дуьйна кандидат). 3-гӀа а, 6—10-гӀа а кхайкхаман ССРС Лакхара Кхеташонан депутат. Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1974).

1954 – 1957 шерашкахь Андропов — Мажарчуьра векал, дакъалецира 1956 шеран Мажарийн гӀаттам охьатаӀош.

1967 шеран 10 майхь хӀоттийна ССРС ПКхК председатель.

Л. И. Брежневн урхаллин тӀаьхьарчу шерашкахь могашалла ца сацалуш телхаш, Андропов Юрий арахьара гӀуллакхийн министрца Громыко Андрейца а, дуьхьалонан министрца Устинов Дмитрийца а (ССКП ЦК Политбюрон уггаре хааамаш болу а, ладаме а декъахой хиларна) цхьаьна билгалйоккхура Советийн Союзан политика.

Л. И. Брежнев веллачул тӀаьхьа, 1982 шеран 10 ноябрера, 1982 шеран 12 ноябрь кхаччалц болчу муьрехь Андропов Юрийс иза хийцира ССКП ЦК Инарлин секретаран даржехь, хилира Советийн Союзан официалан корта. Ша даржехь веха ца Ӏийначу муьрехь (15 баттахь, йа 1 шарахь 98 дийнахь, йа 463 дийнахь) Андроповс цхьа могӀа белхаш бира, партин-пачхьалкхан аппаратера коррупци дӀайаккха а, социалистийн системин экономикин эффект айаран а лерина. Коммунистийн партин цхьа могӀа куьйгалхошна дуьхьала кечдира зуламан гӀуллакхаш. «Белхан хан — белхана!» лозунгца дов долийра балха ца лелаш йукъара буьйлучаьрца, наггахь цуо оьцура анекдотийн кеп а, кинотеатрашкахь хӀоьттура белхан меттиг мичхьа йу, хӀун хенахь хила веза балхахь.

1983 шеран февралехь, жаннаша болх лартӀехь ца беш, Андроповн могашалла сихха талха йолайелира, 1984 шеран 9 февралехь иза велира.

Remove ads

Схьавалар

Андропов схьаваларх хаамаш тахана а къайлаха а бу, чӀогӀа тилбина а бу, цхьаьна богӀуш а бац.[5][6]

Хьалхара ненан майра Андропов Владимир Константинович (? — 1919) — цӀерпоштнекъан гӀуллакххо, чекхйаьккхина йа дешна Москохан хаамийн императоран Николай II некъийн инженерийн институтехь[7]. Болх бина Нагутски станцехь телеграфист. Велла долу унах 1919 шарахь[8].

Нана Андропова Евгения Карловна Флекенштейн (? — 1927), музыкин хьехархо[9], хилла, Ю. В. Андроповс ша аларх, иза хилла хьал долчу жуьгтийн совдегаран доьзалехь тӀеэцна йоӀ[8][10][11][12]. Доьзал схьабаьллера Финляндера, «Ювелиран хӀумнаш» туькан долахочун[13] (Москох, Йоккха Лубянка урам, цӀа 26) Флекенштейн Карл Францевичан а[9] (велла 1915), Флекенштейн Евдокия Михайловнин а[9]. Евдокия Михайловнин йоӀ, Андроповн нана, 17 шо долучу хенахь дуьйна болх беш йара Москохара зударийн Мансбах Фелица Францевнин гимназехь музыкин хьехархочун даржехь[9].

Remove ads

Дешар

  • Мазалкан ворхӀ шеран цӀерпоштнекъан фабрикийн-заводан ишкол (хӀинца — йуккъера йукъарадешаран № 108 йолу Ю. В. Андроповн цӀарах ишкол) (дешна 1924—1931 шерашкахь, чекхйаьккхира йуьззина курс).
  • Рыбинскан эркан техникум (дешна 1932—1936 шерашкахь, чекхйаьккхина «эркан транспорт лелоран техник» говзаллица).
  • Дуьхьала воцуш[14][15].

Андроповн ПКхК белхан накъостийн цхьаьна декъана куньйа йара «Ювелир» — Ӏоттар йара Андроповн деден — финляндин жуьгтийчуьнан Флекенштейн Карлан — Москохахь «Ювелирни хӀумнаш» туьканан долахочунна[16].

Remove ads

Биографи

Thumb
Комсомолийн билет № 4411236, 1939 шо

Ненан хьалхара майра веллачул тӀаьхьа Юрий ненаца кхелхира Мазалке, цигахь кхиира, вехира 1932 шо кхаччалц. Чекхйаьккира ворхӀ шеран ишкол. Ийдал чухула матрос лийлира, тӀаьхьа сих-сиха шен боцманан дешнаш олураа: «Дахар, Юра кеманан тӀеда аннаш. Царна тӀаьхь ца шарша, лела сих ца луш. ХӀора ког массазза била беза, ог била меттиг харжа!»

ЙСКЛМБ декъахо 1930 шарахь дуьйна.1930 шеран августера декабрь кхаччалц Андропов Юрийс болх бира хьалха телеграфехь белхало, ткъа 1930 шеран декабрера 1932 шеран апрель кхаччалц — Мазалк станцин цӀерпоштнекъахойн кулубан киномеханикан дешархо а, гӀоьнча а вара. 1932 шарахь хӀоьттира Рыбинскан эркан доьшийле[17], иза чекхйаьккхира 1936 шарахь, цул тӀаьхьа комсорг болх бира Рыбинскан кеманийн Володарскийн цӀарах верфехь. 1935 шарахь зуда йалийра пачхьалкхан банкан Череповецан декъан урхалчин йоӀ Енгалычева Нина Ивановна, иза а йара оццу техникумехь электротехникин факультетехь доьшуш, ткъа тӀаьхьа болх бира Ярославлан ЧГӀХК архивехь.Церан шиъ бер дара — Евгений а, Владимир а.

Дукхачарна ца хаьа хьалхарчу зудчуьнца, цуьнан кӀантаца хилла баланаш, муха кхечира иза Политбюро. Дуьйцу, хьалхара зудчух дерг хаьттича иза кехат санна кӀайлора бохуш йа 1933—1935 шерашкара муьран автобиографех дерг хаьттича.

Литература

  • Васильев Ю. А. Тайны «Могикана» (К 100-летию со дня рождения Ю. В. Андропова). М.: Изд-во Моск. гуманит. ун-та, 2014. — 200 с. ISBN 978-5-98079-992-2 (архивировано в WebCite / WaybackMachine).
  • Васильев Ю. А. Юрий Андропов. На пути к власти. М.: Вече, 2018. — 416 с. 1500 экз. ISBN 978-5-4444-6256-0.
  • Семанов С. Н. Андропов. 7 тайн генсека с Лубянки. — Вече, 2001. — 416 с. 10 000 экз. ISBN 5-7838-0939-X.
  • Минутко И. А. Андропов. Бездна (Миф о Юрии Андропове). — Алгоритм, 2002. — 528 с. 7000 экз. ISBN 5-17-015238-8.
  • Семанов С. Н. Юрий Андропов. — Эксмо, 2003. — 512 с. 3000 экз. ISBN 5-699-04415-9.
  • Чертопруд С. В. Андропов — КГБ. М.: Эксмо Яуза, 2004. — 544 с. 4000 экз. ISBN 5-699-08162-3.
  • Энциклопедия секретных служб России / Автор-составитель А. И. Колпакиди. М.: АСТ, Астрель, Транзиткнига, 2004. — С. 430—431. — 800 с. ISBN 5-17018975-3.
  • Чертопруд С. В. Юрий Андропов: Тайны председателя КГБ. — 2-е изд., испр. и доп. М.: Яуза Эксмо, 2006. — 512 с. — (Гении и злодеи). 4000 экз. ISBN 5-699-15351-9.
  • Медведев Р. А. Андропов. — М.: Молодая гвардия, 2006. — (Жизнь замечательных людей) (Премия ФСБ по литературе за 2007 год)
  • Островский А. В. Кто поставил Горбачёва? Архивйина 2021-06-25 — Wayback MachineМ.: Алгоритм-Эксмо, 2010. — 544 с. (Переиздание "Проект «Распад СССР: Тайные пружины власти» — М.: Алгоритм, 2016.)
  • Семанов С. Н. Председатель КГБ Юрий Андропов. — Алгоритм, 2008. — 352 с. 4000 экз. ISBN 978-5-9265-0513-6.
  • Якутин Ю. В. Актуальность методологических подходов Ю. В. Андропова (1914—1984) // Российская школа социально-экономической мысли: Истоки, принципы, перспективы: Материалы первого Российского экономического конгресса. М., 2010. С. 104—112.
  • Семанов С. Н. Юрий Андропов: Генсек из КГБ. — Эксмо, Алгоритм, 2011. — 352 с. 3000 экз. ISBN 978-5-699-47950-4.
  • Медведев Р. А. Андропов. — М.: Молодая гвардия, 2012. — (Жизнь замечательных людей).
  • Медведев Р. А. Генсек с Лубянки. — М.: Лета, 1993. — 222 c. — Тираж 10 000 экз. — ISBN 5-86897-002-0.
  • Салов Е. И. Андропов: Четыре главы из политического эссе. — 2-е изд., испр. и доп. — Майкоп: ООО Качество, 2014. — 96 с. 1500 экз. ISBN 978-5-9703-0436-5.
  • Синицин И. Е. Андропов вблизи: Воспоминания о временах оттепели и застоя. М.: Центрполиграф, 2015. — 700 с. ISBN 978-5-227-05745-7.
  • Шлейкин Ю. В. Андропов. Карелия. 1940—1951. — Петрозаводск: Острова, 2014. — 352 с. ISBN 978-5-98686-057-2.
  • Соловьёв В.И., Клепикова Е.К. Борьба в Кремле. От Андропова до Горбачёва.. — Нью-Йорк — Иерусалим — Париж: Время и мы, 1986.
  • Соловьёв В.И., Клепикова Е.К. Заговорщики в Кремле. — Москва: Московский Центр Искусств, 1991.
  • Соловьёв В.И., Клепикова Е.К. Юрий Андропов: Тайный ход в Кремль. — СПб: Северин, 1995.
  • Дипломатический словарь. М.,1984,с.81
  • Диенко А. Разведка и контрразведка в лицах. Энциклопедический словарь спецслужб. М., 2002
  • Ярославский Край в 20 веке. Кто есть кто? Т.2: Политика. Историко-биографический справочник. Ярославль, 2008
  • Горбачев А. Н.. 10000 генералов страны: Краткий биобиблиографический справочник.5 изд. М., Infogans, 2017
  • Майоров А. Правда об Афганской войне
  • Воронов В. Жандармская МадоннаКеп:Проверено
  • Андропов Ю. В. КГБ против МВД… Архивйина 2021-11-10 — Wayback Machine
  • Кречетников А. Юрий Андропов: новый Сталин или советский Дэн Сяопин? // Би-Би-СиКеп:Проверено
  • Млечин Л. Загадочный АндроповКеп:Проверено
  • Хлобустов О. Об Андропове на сайте «Хронос»Кеп:Проверено
  • Бабиченко Д. Юрий Андропов, легендарная личность Архивйина 2007-10-22 — Wayback Machine
  • «Выстрел в Андропова»(ТӀе цакхочу хьажорг)Фильм Алексея Пивоварова (НТВ) из серии «Дело темное»
Remove ads

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads