Арсамаков, Исраил Магомедгиреевич

From Wikipedia, the free encyclopedia

Арсамаков, Исраил Магомедгиреевич
Remove ads

Исраи́л Магомедгире́евич Арсама́ков (1962 шеран 8 февраль[1], Соьлжа-ГӀала) — советски штангист, 1988 шарахь Сеулехь хилла йолу Олимпиадан чемпион, ССРС Сийлахь спортан говзанча (1988).

Боца хаамаш Исраил Магомедгиреевич Арсамаков, Шех лаьцна ...
Remove ads

Биографи

Цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан физкультуран факультет. Иза вара «Динамо» клубехь. Иза ву хьалхара Нохч-ГӀалгӀайн Республикин Олимпиадан чемпион. 1990-гӀа шерашкахь иза вара Российн йеза атлетикин Федерацин президент.

Иза паргӀата кепар латар Ӏамош вара. Цуьна баккхий кхиамаш бара. Амма цуьнан тренеран Асланбек Дзгоев гира, цунна штанга дика керайирзини. Цо дӀавигира иза вевзаш волу йеза атлетикин тренеран тӀе Ибрагим Кодзоев. Цу хенара дуьйна йолайелира цуьна штангистан карьера.

Александр Скляренкос цуьнаца цхьана йазйина книга «Штангист Исраил Арсамаков».

Remove ads

Кхиамаш

  • 1988 шарахь Сеулехь хилла Олимпиадан чемпион (двоеборье — 377,5 кг; рывок — 167,5 кг; толчок — 210 кг).
  • 1986 шарахь Болгарехь дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо (двоеборье — 390 кг; рывок — 177,5 кг; толчок — 212,5 кг).
  • 1986 шарахь Европин чемпион (двоеборье — 382,5 кг; рывок — 170 кг; толчок — 212,5 кг).
  • ССРС чемпион 1985 а, 1986 а, 1988 а шерашкахь.
  • ССРС Кубок йаьккхинарг 1979 а, 1980 а шерашкахь.
  • Рывок яш ССРС чемпион 1979 шарахь — 160 кг.
  • ССРС чемпион 1980 шарахь (рывок — 165, толчок — 197,5)
  • Рывок яш ССРС чемпион 1981 шарахь — 172,5 кг.
  • Толчок яш ССРС чемпион 1983 шарахь — 222,5 кг (в категории 90 кг).
  • ССРС чемпионатан дато совгӀатхо 1982 а, 1983 а, 1987 а шерашкахь.
Remove ads

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads