Барбадос

From Wikipedia, the free encyclopedia

Барбадосmap
Remove ads

Барба́дос[1][6] (инг. Barbados) — Карибийн хӀордан малхбалера Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера иштта цӀе йолчу гӀайрен тӀиера Вест-Индера пачхьалкх. Лаьтта Къилба Америкин гена йоццуш, 434,5 км къилбаседа-малхбалехьа Венесуэлан.

Боца хаамаш Барбадос, Маьрша йаьлла терахьаш ...

Барбадосан гергахь лаьтта пачхьалкхаш Сент-Люси а, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, ший а Барбадосан малхбузехьа. ГӀайренан майда 431 км² ю, иза алсама нийса ю, йуккъехь лоха шунаш а долуш. Лаьттан хӀоттамо гойту, гӀайре тӀапломах даьлла ца хилар, лаьтта коьртаниг маржанех.

ГӀайренан климат тропикийн йу гуттаренна а мехаш болуш — пассаташАтлантикин Ӏапказ агӀора. Цхьадолу куьг Ӏоттаза долу гӀайренан дакъошна тӀехь мангрий уьшалаш ду, кхечарна тӀехь шекаран эрзан шуьйра аренаш я даккхий таьӀна, хӀорд хаза гуш а болуш, байдаш ду.

ВКЪКХ Кхиаран программица кхуьуш болчу мехкашна йукъахь Барбадос дахаран тӀегӀа а, бахархойн грамоталла уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу пачхьалкх ю, цуьнца мохк йоьалгӀачу меттигехь бу. ЧӀогӀа гӀараяьлла туристийн агӀонца.

Remove ads

Этимологи

«Барбадос» цӀе схьаяьлла я португалихойн Os Barbados дашах, я испанхойн Los Barbados, и ший а дешан маьӀна «мажош ерш» хуьлу. Цхьа могӀа гипотезаш йу цӀе схьайаларх. Царех цхьаьнца, «мажош ерш» дош догӀу гӀайрен тӀехь кхуьучу фикусийн (Ficus citrifolia) деха охкаделла орамашна, кхечуьнца — гӀайренан бахархой хилла болу мажош йолу карибашна. Ю кхин а алсама экзотикан верси, маж гаран иллюзии йора хӀордан чопано, иза кхоллалора арахьара рифашкахь. 1519 шеран генуэзийн картографо Маджиоло Висконтес[en] диллина географин картин тӀехь, гайтина шен меттехь, цӀе а йу Барбадос. Цул сов, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Барбуда гӀайрено лелайо цунах терра ала мегар долуш цӀе, и тиллина испахоша Las Barbudas.

Remove ads

Истори

Барбадосера дуьххьарлера бахархой хилла индахойн кхерстарш. Миграцин кхо тулгӀе чекхъяьлла гӀайрен тӀехьула, ткъа уьш Къилбаседа Америкин агӀора дӀаболхара. Хьалхарчу тулгӀенца бара саладоидийн тобанийн векалш — барранкоидаш (Saladoid-Barrancoid), Венесуэлан орамера бахархой, уьш гӀайрен тӀе баьхкира каноэ кеманаш тӀехь Ориноко эркан атагӀера вайн эран 350 шеран гергарчу хенахь. Цара леладора латта, чӀерий лоьцура, кхийра гӀирсаш бора. ТӀаьхьуо, 800 шерашкахь, гӀайрен тӀебаьхкира индахой аравакийн тайпанера, иштта Къилба Америкера. Аравак тайпанан эвланашна йукъайогӀу гӀайрен тӀиера Страуд-Пойнт (Stroud Point), Чендлер-Бэй (Chandler Bay), Сент-Люкс-Галли (Saint Luke’s Gully), Мэпс-Кейв (Mapp’s Cave). Луларчу гӀайренашна тӀиера тайпанан тӀаьхьенийн тептаршца, юьхьанца гӀайрен цӀе хилла Ичиригоуганаим (Ichirouganaim). XIII бӀешарахь гӀайрен тӀехевшина индахой карибийн тайпанара, цара аратеттира цигара ший а хьалхара тайпанаш. Цул тӀаьхьа масех бӀешарахь къаьстина бехира гӀайрен тӀехь.

Remove ads

Административан йекъайалар

Ма-дарра №, ТӀеэцарц ...

Хьажа кхин а

  • Блэкмен, Джордж

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads