Сахьтан аса

From Wikipedia, the free encyclopedia

Сахьтан аса
Remove ads

Сахьтан аса кхетаман ши маьӀна ду:

  • Географин сахьтан аса — дуьненан тӀехула ойланца йаьккхина 15° (± 7,5° йуккъера меридианан дехьа а, сехьа а) шуьйра аса. Дуьххьарчу сахьтан асан йуккъера меридиан лору гринвичан меридиан.
  • Административан сахьтан аса — тӀехь законо билгала хан хӀоттийна дуьненан. Административан сахьтан асан кхетам йукъатуху кхин а терахьаш цхьаьнакхетар — оцу хьолехь, масала, аса UTC−10:00 а, UTC+14:00 а лору тайп-тайпана, цигахь шинхьа де-буьйсан хан цхьаъ йоллушехь.

Сахьтан асанаш кхоллар (сахьтан зонаш — time zones) доьзна ду, цхьаьна агӀора, Дуьне шен семан гуонахьа хьийзарца лара гӀертарх, ткъа кхечу агӀора, гергара меттигера мелхан хан йукъахь цхьацца сахьт бен доцуш долу мехкаш билгалдахархьама (хенан зонаш). Барт хилира 24 административан сахьтан аса йан, хӀора а аса географин сахьтан асанца мелла а тера йогӀуш хила еза аьлла. Хан лара йолийра гринвичан меридиан тӀиера, (нолан меридиан, нолан сахьтан асан йуккъера меридиан).

ХӀинца хан хӀоттайо дерриг дуьненан координаци йина хенаца (UTC), иза Гринвичан хенан (GMT) меттана йукъайаьккхина. UTC шкалан бух бу цхьа барам болчу атоман хенан шкалаца (TAI), иза йу аьтту болуш нахана йукъахь лело. Дуьненан гуонахьа нолан меридиан тӀиера лерина сахьтан асанаш хуьлу бакъхьара а (малхбалехьа) а, харцхьара (малхбузехьа) дӀасахилла UTC тӀиера. Аьхкенан хан лелочу мехкийн сахьтан аса, хийцало UTC тӀиера аьхкан заманахь.

Россехь 2011 шарахь дуьйна законаца чӀагбина кхетам сахьтан зона.

Thumb
Сахьтан асанаш
Remove ads

Дозатохаран принципаш

Таханлера сахьтан асанийн бух бу дерриг дуьненан координаци йина хан, цунах йозу йерриг сахьтан асанийн хан. ХӀора дукхаллин градусан (йа хӀора минотана) меттигера хан ца хоттохьама, Дуьне доькъу 24 сахьтан асане. Цхьаьна сахьтан асанера кхечу асане ваьлчи миноташ а, секундаш а ма-йарра йуьсу, хийца ца ло сахьт бен. Цхьацца пачхьалкхашкахь, меттигера хан къастало дерриг дуьненачух дийна сахьташ доцуш, кхин а тӀе 30 йа 45 минотана.

Теоретикехь дуьненан горгалан 24 сахьтан асанийн дозанаш хӀора асанан йуккъерачу меридианан дехьа а, сехьа а 7,5° гена йоьдучу меридианашца хила деза, цу тӀе гринвичан меридианан гуонаха лела дерриг дуьненан хан. Амма меттигашкахь, цхьаьна йа масех административан махкахь цхьа хан хилийтархьама, асанийн дозанаш дӀасахилийна меридианийн теоретикан дозанал. Меттигашкахь сахьтан асанаш йовш меттигаш а нисло. И амал йу 60° шораллал лакхарчу регионийн, масала: Аляска, Гренланди, Российн къилбаседа регионаш.

Къилбаседа а, Къилба а полюсашкахь меридианаш цхьаьнакхета, цундела сахьтан асан кхетаман маьӀна дов, цуьнца цхьаьна меттиган хенан а. Полюсашкахь дерриг дуьненан хан лело йезаш лору, амма Амундсен-Скотт (Къилба полюс) станцехь лела Керла Зеландин хан.

Remove ads

Аьхкенан хан

Thumb
     Аьхкенан хенан тӀейовлу регионаш      Аьхкенан хенан тӀевалар дӀадаьккхина регионаш      Цкъан а аьхкенан хан лелийна йоцу регионаш
Коьрта йаззам: Аьхкенан хан

Кхин тӀе а сахьтан асанийн системана чолхалла йо дукхачу пачхьалкхашкахь аьхкенан хан лелоро. Аьхкенан хене дехьабовлуш дерриг дуьненан хенал шайн хан дӀатотту. Цу тӀе массанхьа а дехьа йа сехьавалар цхьаьна хенахь а ца леладо. Цул сов, нагахь къилба эхиг тӀехь аьхке елахь, къилбаседа эхиг тӀехь Ӏа хуьлу.

Remove ads

Декретан хан

Декретан хан — 1930—1931 шерашкахь ССРС йукъадаьккхина хенан низам «асанан хан тӀе цхьаъ сахьт тохар».

Сахьтан асанаш тайп-тайпана мехкашкахь

Цхьацца пачхьалкхийн мехкашкахь масех сахьтан аса лелайо. Уггаре дукха сахьтан асанаш йу Российн материкан декъехь (11). Цхьайолу пачхьалкхаш дукха сахьтан асанаш йукъахь йу гӀайренийн а, хӀордал дехьара а мехкаш бахьнехь:

Дукхах йолчу пачхьалкхийн мехкаш (оцу йукъахь Франци а, Йоккха Британи а, церан хӀордал дехьара мехкаш а, латтанаш а) лаьтта цхьаьна сахьтан асанехь. Цхьаерш йеха йу пачхьалкхан географин меридианца, цара цхьа аса лелайо. Масала, Цийн латта пхеа географин сахьтан асанехь йу, амма церан берриге а махкахь цхьа хан йу, Цийн стандартан хан.

Цхьацца пачхьалкхашкахь административан-мехкан дакъошкахь лелайо шиъ йа сов сахьтан асан хан. Масала, кхаа сахьтан аса лелайо Российн Федерацин субъект йолчу Республика Сахано (Якути) а, канадан мехко Нунавута а.

АЦШхь а, Канадехь а сахьтан асанийн доза доькъу штато, провинцис йа мехко, хӀунда аьлча цхьаьнан йа вукхан мехкан долахь хилар йа асанехь хилар билгалдоккху шолгӀачу низаман административан-мехкан тӀегӀанехь (графалла йа гуонаш).

Шиъ йа сов сахьтан асанаш йолу пачхьалкхаш

Таблицехь гайтина цхьацца пачхьалкхаш, материкан йа коьртачу мехкан декъехь шиъ йа сов сахьтан аса лелош йолу (масала, ХӀиндонези).

Ма-дарра Страна, Число часовых поясов ...
Remove ads

Сахьтан асанийн исписка

Ма-дарра Сахьтан аса, Оцу сахьтан асан хан лело пачхьалкхаш а, мехкаш а, шайн официалан хан санна дерриг шарахь йа Ӏаьнан заманахь ...
Remove ads

Хан

Терахьашца хан гойту сахьат:

ThumbThumbThumbThumbThumb
Remove ads

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads