Башлам (ансамбль)

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Республикин Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам» — нохчийн берийн эшаран а, хелахаран а ансамбль, дукха ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашан йукъара конкурсашан а, фестивалийн а лауреат.

Боца хаамаш Республикин Хасан Алиеван цӀарах йолу берийн эшаран а, хелхаран а ансамбль «Башлам», Жанр ...
Remove ads

Истори

Ансамбль кхоьллина 1969 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Шуьйта юртахь дукха Ерригсоюзан а, Хаьлкъашна юккъера а фестивалийн лауреатас, 1957 шарахь Москвахь хилла йолу Дерригдуьненан кегирохойн а, студентийн а фестивалин лауреатас Хьасан Алиевс.

Ансамблин Халкъан ансамбль аьлла цӀе елира. 1973 шарахь иза хилира Берлинехь хилла йолу Х Ерригдуьненан кегирхойн а, студентийн а фестивалехь халкъан хелхарийн конкурсехь лауреат. 1974 шарахь Тбилисехь «Дашо маӀа» цӀе йолу Кавказан фольклоран хелхарийн хьалхара фестивалехь Гран-при яккхира.

ТӀаьхьа ансамбль дукха гастролешца лилира, ерригсоюзан а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а конкурсашкахь а, фестивалешкахь а дакъа лоцура, дукха конкурсашкахь толам а боккхура.

1996 шарахь тӀамо сацийра ансамблин болх. Юха а болх болабара 2003 шарахь бен ца нисделира. Ансамблин пачхьалкхан статус а елира, цуьнан кхоллархон цӀе а тиллира. 2004 шарахь цо юха а йолайира шен гастролеш, кхиъ цхьа шо даьлча халкъашна юккъера конкурсашахь толамаш баха йолаелира.

30 шарахь ансамблин куьйгалхо деш вара Хасан Алиев. Иза 2003 шарахь велча ансамблин куьйгалхо хӀоттира Краснодаран пачхьалкхан культурин институтехь дешна ваьларг, Нохчийн Республикин Сийлахь артист Яхьсан Алиев, Хасан Алиеван ваша.

Ансамбль «Башлам» ю кхаа «СтелаӀад» цӀе йолу Халкъашна юккъера телевиденин фестивалин лауреат. Цо дакъа лаьцна исбаьхьаллин а, документальни а фильмаш йоккхуш «Эхо в горах», «Слово о республике моей», «Махмуд Эсамбаев — поэт танца», «Утро в горах», кхиераш а.

Remove ads

Конкурсашкахь а, фестивалишкахь а дакъа лацар

Ма-дарра Шо, ГӀала ...
Remove ads

Хьажоргаш

П:  Хелхар П:  Культура П:  Нохчийчоь

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads