Борзанан оьмар

From Wikipedia, the free encyclopedia

Борзанан оьмар
Remove ads

Борзанан оьмар — адаман историн къастош болу археологин хаамийн мур (в. э. XXXV / XXXIII — XIII / XI бӀ. хь.), коьрта роль лелайо борзанан хӀумнаш, иза доьзна металлаш тодарца доьзна, масала, йоьза а, гӀели а, иза доккхура маьӀданаш долчуьра, йуха царех борза дора. Борзанан оьмар шолгӀа дакъа ду, хьалхара металлан муьран тӀаьхьара дакъа, цуо хийцина йоьза оьмар а, цулла хьалхара аьчкан оьмар а. Хронологин гуранаш борзанан оьмаран тайп-тайпана оьздангаллин тайп-тайпана ду.

Thumb
      Таллархой/лахьорхой       Даьхнийлелорхой-кхерстарш       Атта латталелоран йукъараллаш       Чолхе латталелоран йукъараллаш/Тхьамдалла       Хьалхара цивилизацеш       йеса зонаш * Ровзанан доза — борзанан оьмар вайн эрал 2000 ш. хьалха
Боца хаамаш Борзанан оьмар, ЦӀе тиллина сийдина ...
Remove ads

Йукъара муьраш бар

Къастайо хьалхара, йуккъера, тӀаьхьара муьраш борзанан оьмаран. Йуьхьанцв борзанан оьмаран металца йолу оьздангалин зоно дӀалоцура 8—10 млн км² гергга, ткъа цуьнан чаккхенгахь цуьнан майда тӀекхийтира 40—43 млн км² кхаччалц. Борзанан оьмаран йохаллехь кхуьура уьш хийца цхьа могӀа металлургин провинцеш.

Хьалхара борзанан оьмар

Thumb
Майкопан оьздангалла Къилбаседа Кавказехь — борза тарло кхузахь дина хила.

Йоьза оьмар борзанан оьмарх къастош доза ду, Балканийн-Карпатийн металлургин провинци йохар ду (в.э. 4-гӀа эзар шо хь. 1-ра дакъа)[1], Циркумпонтийн металлургин провинци кхоллайалар ду (в.э. XXXV/XXXIII бӀ. шо хь.). Циркумпонтийн металлургин провинцин чохь, иза уггаре чӀогӀа йара хьалхара а, йуккъера а бӀешарахь, дӀайиллира, лело йолийра йоьзанан маьӀдин йаккъаш Къилба Кавказехь, Анатолехь, Балканийн-Карпатийн регионехь, Эгейн гӀайренаш тӀаьхь. Цунна малбузехьа болх беш йара ламанан-металлургин йаккъаш Къилба Альпашкахь, Иберийн ахгӀайренна тӀехь, Британин гӀайренаш тӀехь, къилбехахь а, къилба-малхбалехь а металлашдохку оьздангаллаш йевза Мисрахь, Ӏарбийчохь, Иранехь, ОвхӀанехь, Пакистане кхаччалц.

Remove ads

Хьажа кхин а

  • ТӀулгийн оьмар
  • Йоьзанан оьмар
  • Борзанан оьмаран бохам
  • Аьчкан оьмар

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads