Чоьхьара Кавказ

From Wikipedia, the free encyclopedia

Чоьхьара Кавказmap
Remove ads

Чоьхьара Кавказ[1][2][3][4][5][6], азерб. Cənubi Qafqaz, эрм. Հարավային Կովկաս, гуьрж. სამხრეთი კავკასია), йа Къилба КавказКавказан дакъа, геополитикан регион, лаьтта Малхбален Европин а, Хьалхара Азин дозанехь, Йоккха Кавказера Коьрта, йа Хи доькъа дукъал къилбехьа.

Боца хаамаш Чоьхьара Кавказ, Пачхьалкхаш ...

Чоьхьара Кавказан йукъайогӀу Йоккха Кавказан къилба басен доккхаха долу дакъа, Колхидан аре, Куран кӀаг, Жима Кавказ, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбален дакъа, Талышийн лаьмнаш Ленкоранан аренца цхьаьна. Чоьхьара Кавказехь йу пачхьалкхаш: Азербайджан, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь. Оцу регионехь йу цхьаццама къобалйина пачхьалкхаш: Республика Абхази а, Къилбаседа ХӀирийчоь а, церан маршо къобалйина Российс а, кхин масех махко а, ткъа иштта къобалйанза Ломан-Карабахан Республика. Чоьхьара Кавказан доза ду къилбаседехьа Российн Федерацица, къилбехьа — Туркойчоьнца а, Иранца, малхбузехьа Ӏаьржа хӀордан, малхбалехьа — Каспийн хиш ду. Чоьхьара Кавказан майда йу 190 эз. кв.км[7].

Remove ads

ЦӀераш

«Къилба Кавказ» цӀе лелон йолийна Хьалхара дуьненан тӀом болалучу, Российн империи йухучу муьрехь дуьйна, ткъа шуьйра лелон йолийна Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа. И цӀе, Чоьхьарчу Кавказан «Азербайджан» (Российн империн йукъахь) кхетам санна, кховдийра ингалсхоша, схьаийцира Туркойчоьно. Масала, 2007 шарахь дӀайиллира Къилба-Кавказан газбиргӀа. Амма «Азербайджан» кхетам Чоьхьара Кавказан малхбалехь Советийн Союзехь йиснехь а, «Къилба Кавказ» кхетаме ламастан кхетам «Чоьхьара Кавказ» ара ца таттабелира[8].

1918 шарахь йоьхначу Российн империн хиллачу махкахь кхоллаелира Чоьхьара Кавказан демократин федеративан республика, иза лаьттара пхеа губернин — Тифлисан, Кутаисин, Эриванан, Бакохан, Елизаветполан; цхьаьна областан — Карсан; цхьаьна гуонан — Закаталан мехкашкахь. 1922 шарахь кхоьллира Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика, цуо дӀалецира Азербайджанан, Гуьржийчоьнан, Эрмалойчоьнан мехкаш. 1935 шарахь оцу мехкашкахь кхоьллира ССРС Чоьхьара Кавказан тӀеман гуо.

Remove ads

Чоьхьара Кавказ къаьмнаш

Чоьхьара Кавказахь ду 20 сов къаьмнаш. Уггаре даккхий къамнаш ду гӀаьжарий (8,832,000), гуьржий (4,260,000), эрмалой (3,250,000). Дукхах долу кавказан къамнаш бусулба динаьхь ду (9,5 миллион), амма Кавказаьхь Ӏаш болу гуьржий a эрмалой керст динаьхь бу (8 миллион).

Географи

Хьажоргаш

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads