Брекчи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Брекчи (итал. breccia— кагдалар)[1] — маьӀгаш йолу вовшахлетта кеггарех (1 см йолу) хилла ломан порода. Конгломератах къаьсташ брекчин йукъахь гоьрга кеггарш дац.

Классификаци
Шен хӀоттамца брекчеш йекъало:
- Мономиктан брекчи — хилла цхьаьна породан кеггарех.
- Полимиктан брекчи — хилла масех тайп-тайпанчу породех.
Шайн кхоллайаларца брекчеш йекъало кхаа тобан:
1. ТӀапломах йаьлла брекчи
- лаван кеггарш тӀуьна лавано вовшахлетош
- охьа а оьхуш, хьаса болу лаван Ӏовраш кеглуш (лаван брекчи)
- туф а, кхин тӀапломах йевлла кеггаран материалаш гуллуш (туфобрекчи)
- тӀапломан областийн сацкъаран Ӏовраш гулйаларца диагенез йолуш (лахараш).
2. Охьайижна брекчи
- континентан хьолашкахь хуьлу басенийн делюви, охьайийшина Ӏовраш йа карстан есаллин тхьов чубожарх йисинарш (карстан брекчи) вовшахлеташ.
- Ша билгалйолу даьӀахкан брекчи, иза кхоллало массашкахь букъа даьӀахкйолу дийнаташ йалаа йелла, дӀайоьхкинчу меттигашкахь.
- хӀордан хьолашкахь брекчи кхоллало бердашкара тархаш йа рифаш дохарца.
3. Тектоникан брекчи
- Йаайаларан брекчеш — кхоллало ломан породийн чкъоьраш йукъахь тектоникан леларш бахьнехь, иккхинчу меттигехь породаш кегйаларца. Даккхий кеггарш ишттачу брекчеш йукъахь йукъайоьду кегийрачу массана. Къасто хала хуьлу тектоникан а, охьайижина а брекчеш.
Remove ads
Хьажа кхин а
- Конгломерат (порода)
- Конкрецеш
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads