Конгломерат (порода)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Конгломерат (схьадаьлла лат. Conglomero — йоккха оьлане гулйо[1]) — охьахиина ломан порода, вовшахлетта кхоъ хӀоттаман элемент: жагӀа йа горгалгаш, кеггарш кегийра юзучу хӀуманца (гӀум, алеврит, кхин а), вовшахтосу хӀума (цемент). Цементан меттана хила тарло карбонаташ, мергелаш, аьчган мусталла. Конгломераташна йукъахь кхин конгломераташ а хила тарло.



Конгломерат брекчех къастаран коьрта хьесап ду, тӀаьхьарчун йукъахь горгалг хилла жагӀан меьттана ира сонаш долу кеггарш хилар.
Remove ads
Тайпанаш а, классификаци а
Тайпанаш хӀоттамца:
- Полимиктан конгломерат — шен хӀоттамца тайп-тайпана конгломерат.
- Мономиктан конгломерат — цхьатерра хӀоттам болу конгломерат.
Йукъакхеттачеран барамца екъар:
- Тархийн конгломераташ — йукъахь 10-100 см барам болу тӀулгаш хуьлу.
- Боккха жагӀан конгломераташ — йукъахь боккха 5-10 см барамехь жагӀа хуьлу.
- Юккъера жагӀан конгломераташ — йукъахь 2,5-5 см барамера жагӀа хуьлу.
- Жима жагӀан конгломераташ — йукъахь 1-2,5 см барамера жагӀа хуьлу.
Лаьттан чкъоьрашкахь латтарца йина классификаци:
Remove ads
Литература
- Конгломерат // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads