Вайнах (телеканал)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
«Вайнах» — «Россия» телеконцернан Нохчийн Республикехула йолу филиал. Нохчийчоьнан филиалан къайогӀуш ю Россия 1/Вайнах, Россия 2/Вайнах, Россия К/Вайнах телевизионни кепаш а, Радио России/Вайнах радио а. Нохчийчуьра Вайнах телекеп Къилбаседа Кавказехь уггаре а шира ларалуш ю. Амма даиман а цхьана цӀарца ца бина цу телекепо болх.
Цуьнан хилла дукха цӀерш (масала ЧИГТРК, Чеченская Республика, Низам, ЧГТРК, иштта дӀа кхин а). Цу телекепан сигнал лоцуш ю Нохчийчоьнан муьлхха а меттехь.
Ткъа 2014 шо долалуш, Нохчийчоьнан леринчу цифровой телетӀоьрмиган хьалхарчу мультиплексан йукъа а тоьхна иза, шен цӀе Россия + Вайнах а йолуш. Иза цу канал тӀехь эфире йолу сарахь масех сохьтан. Ткъа дийнахь меттигера керланаш а бовзуьйту цо нохчийн бахархошна.
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads