Газуева Айзан

From Wikipedia, the free encyclopedia

Газуева Айзан
Remove ads

Газуева Айзан (йина 1984 шеран[4] 14 март, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — кхелхина 2001 шеран 29 ноябрь, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийчоь) — Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш волу а, нохчий къизаллица хьийзина волу а Гаджиев ша оьккхуьйтуш вийна йолу нохчийн йоӀ.

Боца хаамаш Газуева Айзан, Йина терахь ...
Remove ads

Хилам

27 ноябрехь Газуева Айзан комендатуре еънера, шен майра стенна лаьцна хьажа. Инарла волучу Гаджиев Гейдара, шен гӀаролийн гӀоьнца боьха мотт а буьйцуш эккхира Айзан[5].

2001 шеран 29 ноябрехь Хьалха-Мартанан йуккъерачу майданехь Газуева Айза (Эльза), Хьалха-Мартанан кӀоштан комендант волучу инарла-майор Гаджиев Гейдарна улле йахара, оцу хенахь Гаджиев хилла кӀоштан администрацера комендатуре воьдуш, цуьнга мохь а тоьхна шен дегӀахь йихкина йолу оьккха хӀума эккхийтира Айзана. И эккхар бахьнехь кхелхира ша Газуева а, Гаджиев а, цуьнан гӀаролехь волу кхоъ российн эскархо а[6][7]. Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш вара Гаджиев Гейдар, иза вуьш Айзанан хилла 18 шо. Гаджиев бумба эккхийтинчул тӀаьхьа ши де даьлча велира[8].

«ПРИМА» агентствон хаамашца, Газуеван майра а, шиъ ваша а лаьцна хилла Хьалха-Мартанан кӀоштан комендатуран белхалоша, ткъа тӀаьхьо уьш карийнера байина[9].

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads