Хьалха-Марта
Нохчийчура гӀала From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Хьалха-Марта, МартантIе — Нохчийчоьнан гӀала, Хьалха-Мартанан кӀоштан административан центр. Таханлерачу дийнахь гӀала лоруш йу. 2020 шарахь биначу талламо гойтина бахархой барам ↗62 702[1] стаг.

Remove ads
Географи
ГӀала Рошни-хи[2] олучу хийистехь йу, Соьлжа-ГӀалина къилб-малхбузехьа йу.
Уллера нах беха меттигаш: къилбседехьа Ӏалхан-Йурт эвла йу, къилбседа-малхбузехьа — ГихтӀа а, ШаӀми-Йурт а эвланаш йу, къилбседа-малхбалехьа — ГӀойтӀа эвла йу, къилба-малхбалехьа — ГӀой-Йист эвла йу, къилба-малхбузехьа — Роьшни-Чу а, Гихчу а эвланаш йу[3].
Истори

1917 шо кхачале

Хьалха-МартантӀехь нах беха 2500 шо герга хьан йу. Къилба агӀонехь Ани-Ирзо олуш археологически памятник йу. Цу чура Г. А. Вертеповс 1900-1901 шарахь борзан хьумнаш ехийра VI -IV бIешар заманар[4]. Бойсан-Ирзах карийна кобански материалаш Паччалкхан историн музеях оьхкуш йу[5].
Эвла кхоллаелла гергарчу хьесапехь XVIII бӀешарахь, и йиллина тайп-тайпана нохчийн тайпанаш. Цу хьенахь Хьалха-Марта йолчехь билгал йахна йу: ДжаргӀан-Йурт, Пешхой, Гендаргеной, ЧӀинхой ишт кхи дӀа йол йарташ[6]
Шамилан имаматехь Хьалха-Марта Жима Нохчийчоьнан центр йара.
СССР йолучу хенахь Хьалха-Марта цӀарахчу кӀоштан центр йара.
1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Красноармейское аьлла хийцина.
1810 шеран 3 майхь эвлан къилбаседехьа 10 километрехь Соьлжа хина йистехь, цунах Мартан хи кхеттачехь, Российн паччахьан эскаро Усть-Мартановский цӀе йолуш редут йина[7], маситта баттахь бен иза ца йитира.
XIX бӀешеран цхьалхачу йуххьенца эвла маситтазза паччахьан эскаро йохийна 1822 шеран 1-5 февралехь Хьалха-Марта а, уллера ГӀойта а Греков, Николай Васильевич полковникас команда яларца йохийра. Эвланийн уллехь аманаташ схьайаьхира.
1990 шарахь Хьалха-Мартан гӀала статус елира.
Remove ads
Бахархой
Тайпанаш
Хьалха-Марта гӀалахь дехаш долу тайпанаш:
ГӀарабевлла бахархой
ГӀалара схьабаьлларш
- Закаев, Ахмед Халидович — Ичкерин инарла.
ГӀалахь бинарш
- Бажаев, Зия Юсупович (1960 шеран 11 июль — 2000 шеран 9 март) — нохчийн бизнесмен, «Альянс» компани кхоьллинарг.
- Гучигов, Али Аюбович (1914 шо — 1957 шеран 29 сентябрь) — нохчийн XX бӀешеран хьалхаран эхан пачхьалкхан гӀуллакххо, Сийлахь-боккха даймехкан тӀеман декъашхо.
- Седаев, Мухади Мовладиевич (1962 шеран 8 сентябрь) — нохчийн штангист, масийттуза СССР чемпион а, СССР Кубок яккхинарг а.
- Димаев, Умар Димаевич (1908 шеран 1 октябрь, — 1972 шеран 26 декабрь) — нохчийн музыкант а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист, вевзуш волу музыкантан а, композиторан а Али Димаеван да.
- Билу-Хьаж (1852 шерахь,--1925шерахь)--- нохчийн дешан саг. 1921-1925 шершкахь нохчийн къам пархатдаккхаран т1емнаш йуккъехь хьалхваьлла лелла декъашо. Кхелхина Ростовехь набахтехь. Тайпан гендаргно
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads