Гершель, Уильям
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Фредерик Уильям (Фридрих Вильгельм) Гершель (инг. Frederick William Herschel, нем. Friedrich Wilhelm Herschel; 1738 15 ноябрь, Ганновер — 1822 25 август, Слау Лондонан гергахь) — гӀараваьлла ингалсан астроном, схьавалар немцойх ду. Гершель Каролинин ваша, Гершель Джонан да. ГӀараваьлла Уран планета дӀаелларца, ткъа кхин а цуьнан ши спутник — Титани а, Оберон а. Цуо кхин а дӀайиллина Сатурн шиъ спутник а, инфрацӀие йовхо тохар а. КӀезго вевза ша автор волчу ткъе йиъ симфоница.
Remove ads
Биографи а, Ӏилманан гӀуллакх а
Зуда йалорхьама керсталла тӀеэцначу, къийечу музыкантан-жуьгтийчун Гершель Исаакан (1707—1768) итт берех цхьаъ[6][7][8]. ТӀеман оркестре гӀуллакхе (гобоист дарже) вахара, 1755 шарахь полкаца хьажийра Ганноверан курфюршаллера командировке Ингалсе (и ши пачхьалкх оцу хенахь йихкина йара долара уница). 1755 шарахь дӀавелира тӀеман гӀуллакхера музыка Ӏаморхьама. Болх бира Галифаксехь органист а, музыкин хьехархо а, цул тӀаьхьа кхелхира курортан гӀала Бат, цигахь хилира публикан концерташ дӀасайоькъург. Музыкин теори Ӏаморо Гершель валийра математике, математико оптике, тӀаьххьара, оптико астрономе.
Remove ads
Билгалдахарш
Хьажа кхин а
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads