Делкъ-ламаз
бусалбанаша хӀора денна дечу пхеа ламазах шолгӀаниг From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Делкъ-ламаз, зухӀр-ламаз (Ӏаьр. صَلَاةُ الظُّهْر, салатуз-зухӀр) — иза хӀора гӀеметтахӀоьттинчу бусалбачу стагана тӀедиллинчу пхеа ламазах шолгӀаниг ду. И хӀотталуш ду деа ракаӀатах, ткъа цуьнан хан: малх делкъенга баьллачул тIаьхьа хуьлуш йу, иштта цхьана хӀуманан ӀиндагӀ оцу хӀуманах терра дӀахӀоьттича а. И меллаша доьшу ламаз а ду. И до кӀиранан массо а дийнахь делкъхенахь, пӀераска доцург, тӀаккха цуьнан метта рузба до маьждиге вогӀучо. Пхи ламаз тӀедиллинчул тӀаьхьа, Мухьаммад пайхамаро ﷺ дуьххьара дина ламаз а ду иза[1][2].

Remove ads
Хьосташ
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads