Дециев, Бисолт Османович

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Бисо́лт Осма́нович Деци́ев (1964 шеран 17 январь, Кхазакхийн ССР, ССРС) — нохчийн греко-риман кепар латархо, 1986 шарахь ССРС халкъийн Спартакиадан борзан совгӀатхо, ССРС Кубок йаккхинарг, шозза ССРС чемпион (19901991 шерашкахь), Европин чемпион (1988 шо), 4-за Дуьненан Кубок йаккхинарг, масийттуза Кхазакхстанан чемпион, дукха халкъашна йуккъера йахьаллонийн толамхо.

Боца хаамаш Бисолт Османович Дециев, Шех лаьцна ...
Remove ads

Биографи

Нохчийн цӀадерза йиш хиллачул тӀехь Дециеван да-нана Кхазакхстанехь сецира. Бисолт вина цигахь 1964 шеран 17 январехь. 1977 шарахь иза волавелира классикан латар Ӏамадан. Иза вара Кхазакхстанан кегирхойн гулйина тобан декъашхо. 1982 шарахь Лейпцигехь иза хилира Европин чемпион.

1986 шарахь шен хьалхара ССРС чемпионатехь цо йаккхира 7-гӀа меттиг. Цул тӀаьхьа цо ССРС Спартакиадехь борзан мидал а йаккхира, социалистически пачхьалкхийн Динамиадан чемпион а хилира. 1990—1991 шерашкахь иза хилира ССРС чемпион. 1991 шарахь цо ССРС халкъийн Спартакиадехь толам беккхира. 1987 а, 1989—1991 а шерашкахь цо Дуьненан Кубок йаккхира.

Цо толам беккхира АЦШ а, Иранехь а, Италехь а, Норвегехь а, Венгрехь а, Россехь а, хилла халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь. 1989 шарахь цо толам беккхира Будапештехь хилла дуьненан Гран-прихь.

1997 шо дуьйна ГӀиргӀазойчоьнан гулйина тобанан декъашхо вара. Оцу тобанан йукъахь цо 1997 шарахь Азин чемпионатехь дато мидал йаккхира, Аьхкенан Азин ловзаршкахь 4-гӀа меттиг йаккхира, дуьненан чемпионаташкахь 12-гӀа а (1997 шо), 15-гӀа а (1998 шо) меттиг йаккхира.

Спорт йитинчул тӀаьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхииначарна йукъахь бу Кхазакхстанан чемпионаш а, Азийн а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхой а. Иза ву Шымкентан спортан клубан куьйгалхо. Бисолт хаьржина Къилбера Кхазакхстанан областин кегирхойн къаьмийн культурин центран бертан председатель. Иштта иза ву Шымкентан сийлахь гражданин.

Remove ads

Спортан гайтамаш

Ма-дарра Шо, Яхьалло ...
Remove ads

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads