Норвеги
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Норвеги (букмол. Kongeriket Norge, керланорвег. Kongeriket Noreg) — Къилбаседа Европин Скандинавин ахгӀайренан тӀехь йолу пачхьалкх, цуьна йукъабогӀу уллера дуккху кегий гӀайренаш, цул совнах Шпицберген (Свальбард) цӀе йолу архипелаг йу, Къилбаседа Шен Ӏапказан чохь болу Ян-Майен а, Чена а гӀайренаш. Норвегин хӀордал дехьара мохк бу Атлантикин Ӏапказан къилба декъехь болу Буве цӀе йолу гӀайре. Кхин Норвеги Антарктикан латтанашна претензеш йолуш йу, 1961 шеран конвенцин йукъа догӀуш долу — Петран I гӀайре а, Мод паччахьан латта а.
Пачхьалкхан цӀе схьайаьлла шираскандинавийн дешах Norðrvegr — «къилбаседе некъ».[6]
Урхаллин кеп — конституцин монархи, пачхьалкхан дӀахӀоттаман кеп — унитаран. Король — Харальд V, премьер-министр — Эрна Сульберг. Норвеги йекъалуш йу 19 фюльке, уьш йу 5 официлан йоцу регионаш.
Коьрта гӀала йу — Осло.
Норвеги йукъайогӀуш йу Скандинавин паспортан барт а, Шенгенан зонан а.
Remove ads
Административан дакъош

- Нур-Норге (Къилбаседа Норвеги):
- фюльке Нурланн — административан центр: Будё;
- фюльке Тромс — административан центр: Тромсё;
- фюльке Финнмарк — административан центр: Вадсё;
- Трёнделаг (Йуккъера Норвеги):
- фюльке Нур-Трёнделаг — административан центр: Стейнхьер;
- фюльке Сёр-Трёнделаг — административан центр: Тронхейм;
- Вестланн (Малхбузен Норвеги):
- Эстланн (Малхбален Норвеги):
- фюльке Осло — административан центр: Осло;
- фюльке Акерсхус — административан центр: Осло;
- фюльке Эстфолл — административан центр: Мосс;
- фюльке Бускеруд — административан центр: Драммен;
- фюльке Вестфолл — административан центр: Тёнсберг;
- фюльке Телемарк — административан центр: Шиен;
- фюльке Хедмарк — административан центр: Хамар;
- фюльке Оппланн — административан центр: Лиллехаммер;
- Сёрланн (Къилба Норвеги):
- фюльке Эуст-Агдер — административан центр: Арендал;
- фюльке Вест-Агдер — административан центр: Кристиансанн.
Remove ads
Географи
Истори
- Берген
- Geiranger
- Sognefjord
- Осло
- West Norway coast
- Forest
- Norway Tradional House
- Oil platform
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads