ДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀар — (1944 шеран 15 февраль (паспорт тӀeхь) Ялхара, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — 1996 шеран 21 апрель, Гихчу, Нохчийчоь). 1991 шарахь, Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь ДудагӀеран ЖовхӀар Нохчийчоьнан Мехк-да хаьржира. 1991 шо кхаччалц Советан суран инарла. Стратегийн кеман дивизин коьртанча хилла ЖовхӀар Эстонехь (Тарту). Тайпан цӀечо ву.
Remove ads
Джовхарах лаьцна
ДудагӀеран ЖовхӀар 1944 шеран 15 сели баттахь, Ялхарахь (Галайн-ЧӀожан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) вина, — (хӀинца Ӏашхой Мартан кӀошта). Джовхар, доьзалехь ворхӀолгӀа бера дара (шаберш: 9 бера)[1]. Джовхар вина барх де даьлча, церан доьзал массо нохчийн къам санна шийлачу Сибрех бахийтира, Павлодарскийн КӀошта, Казахийн ССР.
1957 шарах шен доьзалца Даймахка вуха вирзина, Джовхар гӀалахь охь хиира. 1959 шарахь № 45 ишкол йеккхира. Дешна ваьллачулла тӀаьхьа, тока-белхало балха хоьттира Джовхар СМУ-5 олучу меттехь. Оцу балхахь а волуш, суьйран № 55 ишколехь 10 — гӀачу классехь доьшуш вара.
Remove ads
Джовхаран лерина

1996 шарахь Нохчийн Пачхьалкхан Паччахьан Омрийца, Соьлжа-ГӀалийн цӀе ДудагӀеран ЖовхӀаран безамна Джовхар-гӀала тиллира.
Дуьхьар ЖовхӀаран лерина «мемориальный у» 20 июлехь 1997 ш. Эстонин Тарту гӀалахь, «Барклай» Хьешан цӀийнан пена тӀе туьхира. Йаздина дара:
ХӀокху цӀа чохь 1987—1991 шерашкахь Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин дуьхьарлера Паччахьо болх бина..
Урамаш, майданаш
Босни а, Герцеговина а
- Горажде, ДудагӀеран ЖовхӀар урам
Латви
Литва
Польша
Украина
Украина, Хмельницки, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (2015 шо)
Украина, Ивано-Франковск, ДудагӀеран ЖовхӀар урам
Украина, Львов, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (1996 шо)
Украина, Киев, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (2019 шо)
Нохчийчоь
Соьлжа-ГӀала, ДудагӀеран ЖовхӀаран парк
Remove ads
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads