Дудаев, Ӏабди Дудаевич

From Wikipedia, the free encyclopedia

Дудаев, Ӏабди Дудаевич
Remove ads

Ӏабди Дудаевич Дудаев (1901 шо, Элистанжа, Нохчийчоь, Российн импери1937 шеран 24 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн поэт а, йаздархо а, нохчийн литературин бухбиллинчарах цхьаъ.

Боца хаамаш Ӏабди Дудаев, Вина терахь ...
Remove ads

Биографи

Нохчийн поэт Дудаев Ӏабди вина Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Ӏалам долчу ширчу нохчийн йуьртахь дӀадахна Ӏабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дӀавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тӀаьхьа, Ӏаьрбийн махка а вахийтина кхидӀа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цӀа веана Ӏабди. Дудин лиъна, шен кӀантах Ӏелам стаг хуьлийла. Ӏабдина а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Ӏабдин кхоллам новкъа бирзира.

Нохчийчохь йоза-дешар цахаарна дуьхьал къийсам дӀаболабечу муьрехь, Соьлжа-ГӀалахь педагогически курсаш чекх а йаьхна, хьехархочун говзалла караерзийна Дудаев Ӏабдис. Цул тӀаьхьа Элистанжарчу йуьхьанцарчу школехь хьехархочун а, тӀаккха директоран а болх бина цо. ХӀетахь дуьйна цуьнан дерриге а дахар халкъан йукъа йоза-дешар а, керла культура а йаржорна дӀаделла хилла.

Дудаев Ӏабдис гӀиллакхе, даг тӀехь куралла йоцуш, оьзда стаг хилла. Йаздархочо Мусаев Мохьмада Дудаев Ӏабди дагалоцуш йаздина: «Дудаев Ӏабди гойла хилла сан. ХӀетахь а цӀейаххана вевзаш поэт вара иза. Амма иштта дара аьлла, нахаца къесташ, билгалвала гӀерташ вацара. БӀаьра хьаьжча, ца тосалуш ца дуьсура иза хӀуманан ойла йеш, дуьненан къайленийн дуьхе кхиа гӀерташ стаг хилар а. ТаьӀначу басахь йуьхь, лохха хьаж тӀе теттина куй, ойлане бӀаьргаш — иштта висна Ӏабди сан дагахь...»

Remove ads

Стихаш

Серло тӀеузур вай къоламца хьостуш,

Бода дӀакъахкор вай Ӏилманца къехкош,

Орамца бакъор вай мактабехь

Мактаб — иза школа йу.

доьшуш.

Дудаевна дика гора нохчийн халкъана Ӏилманан серло оьшуш хилар: ХӀай нохчийн хьацархой,

Дешеран хьалхенаш

Сов чехка йахалаш.

Ненан мотт бийцалаш,

Беран сурт хийцалаш,

Хьанал болх лахалаш,

Жуккар

Жуккар — иза шен къинхьегамца вехаш воцу стаг ву.

нах тасалаш.

Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads