Зиярат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Зия́рат (Ӏаьр. زِيارة — гучу-вахар, тӀехӀоттар) — йезачу меттиге вахар (пахӀамарийн, авлияийн, шайхийн, имамийн кешнаш, ткъа Къилбаседа Африкехь дийна суьпийн шайхаш болчу эхар) а, иштта ша и йеза меттиг билгалъйаккхар (хьажа иштта макъам). Башха маьӀна ду бусалбанашна Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран ﷺ коше валар а хьаьж данле йа динчул тӀаьхьа. Ӏибадат йукъа догӀу: кошан уллехь Къуръанан сураташ дешар а, дуӀа дар а, кошан гуонаха хьовзар а, иза кечдар а, ткъа иштта сагӀа далар а. Зияратан чеккхенан Ӏалашо йу беркат кхачар а[1].

Исламан историн хьалхарчу бӀешерашкахь цхьаьна хӀуманна Ӏибадат дар делаца накъост тохар лорура. X бӀешо йуккъе даххалц Мухьаммад пайхамаран ﷺ каш а ца хилла Ӏамал йаран меттиг[2]. IX бӀешо чекхдолуш хааделла Элчан ﷺ а, асхьабийн а, исламехь лоруш болу Ӏалимийн а зияраташна тӀехула макъамаш а, маьждигаш а дар. Безчу нехан а, церан кешнийн а культ сиха кхуьу X бӀешо чекхдолуш. ЧӀогӀа йоккха роль оцу белхехь ловзийна суьпалло, цуо лору син-мехаллин устазаш (муршидаш, шайхаш) а, церан зияраташка эхаран ламаст а. Суьпеш лорура, шайхин йукъараллийца дӀаделла дуӀанашна АллахӀа жоп лур ду аьлла[2].
Ӏибадат даран объекташ хуьлу иштта Библин а, Къуръанан а пайхамарашца йоьзна меттигаш. Йуьхьанца безчу нехан кешнех а, кхечу динан сийлаллех а машхӀадаш олура. Зиярташна гуонаха наггахь маьждигаш а до. ЦкъаццӀа царех бух хуьлу йаккхийчу гӀаланашна (ОвхӀанера Мазари-Шариф, Ӏиракъера Неджеф, кхин а)[2].
Цхьаболчара йеза меттигаш лору шайн дайн кешнаш, цига боьлху башха дезачу деношкахь (ГӀурбан Ӏид)[3]. Масала гӀалгӀайн а, нохчийн а Ӏедал ду рамадан бутт болалуш авлияийн коше бовлуш[4]. ДегӀастанехь ду ЗахӀидийн зиярат, цига оьху дуккха а нах, цигахь до зикраш а, йоьшу мовлдаш.

- ЧІулга-Йуртара Манин зиярат
- Зияртера Манин чурт
- Хьесамак-Моллин зиярат
- МІомин зиярат
Remove ads
Уггаре девзаш долу зияраташ
- Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран маьждиг (СаӀудийн Ӏаьрбийчоь);
- Ан-Наджафера имам Ӏали ибн Абу ТӀалибан зиярат (Ӏиракъ);
- Веа имаман кешнаш: Хьасан бин Ӏелин, Ӏали ибн Хьусейнан Зайн аль-Ӏабидинан, Мухьаммад ибн Ӏали аль-Бакиран, ДжаӀфар ибн Мухьаммад ас-Садикъан, Мадинатера Бакъи кешнашкахь ду (СаӀудийн Ӏаьрбийчоь);
- Карбалаэра имам Хьусейнан, цуьнан кӀентийн Ӏали Акбаран а, Ӏали АсгӀаран а зиярат (Ӏиракъ), кхин а имам Хьусейнан зияратан гергахь долу Абу-л-Фадл Ӏаббасан зиярат;
- БагӀдадера Къазимейн зиярат (Ирак), цигахь дӀабоьхкина шиӀийн ворхӀалгӀа имам Муса ибн ДжаӀфар аль-Казим а, иссалгӀа имам Мухьаммад ибн Ӏали аль-Джавад (ат-Такъи) а, ткъа иштта баккхий дешна шиӀийш: шейх Муфид а, шейх ат-ТӀауси;
- МашхӀадера бархӀалгӀа шиӀийн имаман Ӏали ибн Муса ар-Ризан зиярат (Иран);
- Самаррера итталгӀа имаман Ӏали ибн Мухьаммад аль-ХӀадин (ан-Накъи) а, цхьайтталгӀа имаман Хьасан ибн Ӏали аль-Ӏаскарин а зиярат (Ӏиракъ);
- Димашкъера Зайнаб бинт Ӏалин зиярат (Шема);
- Къумера Фатима Маасумен зиярат (Иран).
Уьш доцуш, хӀинцалерачу Иранан, Азербайджанан, Ӏиракъан, Шеман мехкашкахь шортта зияраташ ду имамийн а, церан берийн а.
Цул сов, суннан а, шиӀийн а исламехь беркате лору пайхӀамараш а, церан асхьабаш а дӀабоьхкина меттигаш. Царна йукъахь, масала, Иерусалимера Аль-Акъса а, Къуббат ас-Сахра а маьждигаш, Иерусалиман а, Димашкъан ПайхӀамарийн хьех, Иерусалимера (аль-Кудсера) Марьяман каш, Иерусалиман гена доццуш долу Муса пайхӀамаран каш, Наблусера Юсуп пайхӀамаран
каш, Димашкъера Билал бин Рабахьан каш, Иерусалимера (аль-Кудсера) Салман аль-Парсин каш, кхин дӀа а.
Remove ads
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads