Йоккха Эрмалойчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Йо́ккха Э́рмалойчо́ь (эрм. Մեծ Հայք [Mec Haykʿ[5]], шир.-желт. Μεγάλη Ἀρμενία, лат. Armenia Magna, пехл. Buzurg Armenā, гуьрж. დიდი სომხეთი, шир.-оьрс. Йоккха Эрмалойчоь[6][7]) — шира эрмалойн пачхьалкх[8][9] Эрмалойн акъари махкахь[10], лаьттина 600 шарахь сов, вайн эрал 190 шо хьалха дуьйна[11][12] по 428 год н. э.[13][14][15][16][17][18][19][20]
Тигран II волуш, хилира йоккха пачхьалкх[21][22], дозанаш дара Кура тӀера Урдане кхаччалц, Лаьттайуккъера хӀорд тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[23].
Remove ads
Хьалхара истори

«Эрмалойчоь» (Армина) термин дуьххьара гучудолу гӀажарийн паччахьан Дарийн I Бехистунан йозанехь вайн эрал хьалхара 521 гергга шарахь, цуо билгалайоккху Урарту паччахьаллин хиллачу махкара гӀажарийн сардалалла. ТӀаьхьарчу желтойн хьосташкахь йевза иштта цӀе йолу ши сардалалла: Малхбузен Эрмалойчоь а, Малхбален Эрмалойчоь. ТӀаьхьарчун махкахь дегара кӀенте дуьтуш дарж урхалла дира ОронтидгӀеран некъаша (ЕрвандидгӀар, эрм. Ервандуни). Македонхой тӀелетта АхеменидгӀеран паччахьалла йоьжначул тӀаьхьа, эрмалойн латташ маьрша дисира[22]. Къилба Эрмалойчоьнан урхалчаша къобалдира Искандаран Ӏедал, амма и къобал дар формалан дара: Искандар ша Эрмалойчухула чекх ца велира, цуьнан тӀеман баьччаш а иштта ца баьхкира церан махка. Вайн эрал хьалхара IV бӀешо чекхдолу хенахь дуьйна Эрмалойчоьнан махкахь йолало кхоллаяла маьрша[24] я ахмаьрша пачхьалкхаш.
Сардала Ерванда (Оронт) диадохашца къовсам латтош вайн эрал хьалхара 316 шарахь кхоьллира маьрша Айраратан паччахьалла[22]. вайн эрал хьалхара 220 шарахь (кхечу хаамашца вайн эрал хьалхара 200 шо гергга долуш[25][26][27][28][29]) Эрмалойн Айраратан паччахьалла тӀетуьйхира селевкидгӀеран паччахьо Антиоха III шен тергонехь долчу Эрмалойчоьнан декъана, иза лаьттара Ван Ӏоман кӀоштахь, Тигран лакхенашкахь, оцу хенахь дуьйна цунах ала долийра Йоккха Эрмалойчоь[22][30]. Иштта, вайн эрал хьалхара III бӀешо чекхдолуш, дерриг аьлча санна эрмалойн латтанаш дисира СелевкидгӀеран Ӏедалан кӀелахь[21][22]. Оцу замана герга, вайн эрал хьалхара III — II (юьхьиг) бӀешерашкахь эрмалой охьахевшира берриг аьлча санна махкахь, цуо тӀаьхьа хӀоттийра историн Эрмалойчоь[22].
Евфратал дехьара Жима Эрмалойчоь, коьртачу асанах дӀакъаьстина шира эрмалойн пачхьалкхалла кхиарца, «Йоккха Эрмалойчоь» цӀерах официалан цӀе хилира шираэрмалойн пачхьалкхан[31]. Иштта маьӀна долуш лелийна иза вайн эрал хьалхара 77 шеран Гарнера паччахьан Трдатан I желтойн йозанехь, (желт. Μεγάλη Ἀρμενία, Мега́лэ Армени́я — «Йоккха Эрмалойчоь»). Кхин а паччахь Бакур руман II бӀешеран йозанехь язвина Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь аьлла[32]: «Аурелиус Пакорус, Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь» (желт. Αύρήλιος Πάκορος βασιλεύς μεγάλης Άρμενίας[33]). Пачхьалкхан и цӀе язйина ю кхин йозанашкахь а, масала паччахьан Трдатан III йозанехь IV бӀешо долалуш, иза карийна Апаранехь[34]. Изза цӀе лелайо иштта кхин меттанашкара — латинан, гӀажарийн, гуьржийн, оьрсийн, кхечу хьосташкахь[31].
Remove ads
АрташесидгӀеран некъий
Некъий схьабевлла Арташес I-чух, цуо шех Ервандид олура. Цуьнан хьалхарчу урхаллера эрмалойчоьнан некъашца йолу уьйр чеккхенца хууш йац. АрташесидгӀеран урхалла билгаладаьлла ца Ӏа мехкан экспансешца, амма билгалдаьлла аьттонца политикин а, динан а марталла ян гӀертарца, баьхна мехкашка эрмалой хийшорца, пачхьалкхан а, оьздангаллин а йукъараллица эрмалойх тарбала гӀертар чӀагӀдарца[36][37][38].
Remove ads
Йоккха Эрмалочоьнан коьрта шахьарш
Йоккха Эрмалойчоьнан ерриг коьрта шахьраш, Тигранакерт йоцург, лаьттина Араратан тогӀенехь, хӀинцалерачу Ереванан герга — Айрарат наханган махкахь, паччахьийн долара цӀа долчохь. Айраратан паччахьаллин хьалхара коьрта шахьар хилла Армавир[39] (вайн эрал хьалхара IV чеккхе—III бӀешо); иза лору ламастан испискица историн эрмалойн пачхьалкхийн шолгӀа коьрта шахьар. Вайн эрал 200 шо гергга хьалха паччахьо Ерванд IV-чо коьллира Ервандашат[40][39], иза оццу паччахьаллин коьрта шахьар а, монархан резиденци а лаьттира, Арташес I-чо вайн эрал 176 шо хьалха Ганнибалан планца Арташат[40] гӀала йоггӀалц, иза хилира Йоккхачу Эрмалойчоьнан коьрта шахьар[41][42]. Вайн эрал 77 шо хьалха Сийлахь Тиграна югӀу Йоккхачу Эрмалойчоьнан къилба-малхбузен йисттехь керла къегина коьрта шахьар, цунна цӀе туьллу Тигранакерт[22]. Тигранакерт а, Арташат а масех бӀешарахь лаьтта коьрта шахьарш, царна йукъахь дара билггала эмгаралла: Тигранакерт яра эллинийн а, руман а Ӏаткъаман йукъ, Арташат — руман дуьхьала а, парфянашкахьара а. II бӀешо долалуш Вагарш паччахьо дӀахьо шен резиденци керлачу гӀала, цунна цӀе туьллу Вагаршапат[43]. керсталла тӀеэцарца иза хуьлу Эрмалойчоьнан килсан коьрта шахьар, хӀинца а ю иза оцу статусехь. 335 шарахь паччахьа Хосров II-гӀачо Араксан харш хийцадалар бахьнехь кхалхабо Арташатан бахархой Двине, цунах хуьлу тӀаьххьара коьрта шахьар Йоккхачу Эрмалойчоьнан, иза йоьжначул тӀаьхьа хуьлу резиденци хьалха гӀажарийн, цул тӀаьхьа Ӏаьрбийн сардалийн.
Билгалдахарш
Хьажа кхин а
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads