Йоккха Эрмалойчоь

From Wikipedia, the free encyclopedia

Йоккха Эрмалойчоь
Remove ads

Йо́ккха Э́рмалойчо́ь (эрм. Մեծ Հայք [Mec Haykʿ[3]], шир.-желт. Μεγάλη Ἀρμενία, лат. Armenia Magna, пехл. Buzurg Armenā, гуьрж. დიდი სომხეთი, шир.-оьрс. Йоккха Эрмалойчоь[4][5]) — шира эрмалойн пачхьалкх[6][7] Эрмалойн акъари махкахь[8], лаьттина 600 шарахь сов, вайн эрал 190 шо хьалха дуьйна[9][10] по 428 год н. э.[11][12][13][14][15][16][17][18]

Боца хаамаш Йоккха Эрмалойчоь, Коьрта гӀала ...

Тигран II волуш, хилира йоккха пачхьалкх[19][20], дозанаш дара Кура тӀера Урдане кхаччалц, Лаьттайуккъера хӀорд тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[21].

Remove ads

Хьалхара истори

Thumb
Сийлахь Тигранан импери, 1883 шеран карта

«Эрмалойчоь» (Армина) термин дуьххьара гучудолу гӀажарийн паччахьан Дарийн I Бехистунан йозанехь вайн эрал хьалхара 521 гергга шарахь, цуо билгалайоккху Урарту паччахьаллин хиллачу махкара гӀажарийн сардалалла. ТӀаьхьарчу желтойн хьосташкахь йевза иштта цӀе йолу ши сардалалла: Малхбузен Эрмалойчоь а, Малхбален Эрмалойчоь. ТӀаьхьарчун махкахь дегара кӀенте дуьтуш дарж урхалла дира ОронтидгӀеран некъаша (ЕрвандидгӀар, эрм. Ервандуни). Македонхой тӀелетта АхеменидгӀеран паччахьалла йоьжначул тӀаьхьа, эрмалойн латташ маьрша дисира[20]. Къилба Эрмалойчоьнан урхалчаша къобалдира Искандаран Ӏедал, амма и къобал дар формалан дара: Искандар ша Эрмалойчухула чекх ца велира, цуьнан тӀеман баьччаш а иштта ца баьхкира церан махка. Вайн эрал хьалхара IV бӀешо чекхдолу хенахь дуьйна Эрмалойчоьнан махкахь йолало кхоллаяла маьрша[22] я ахмаьрша пачхьалкхаш.

Сардала Ерванда (Оронт) диадохашца къовсам латтош вайн эрал хьалхара 316 шарахь кхоьллира маьрша Айраратан паччахьалла[20]. вайн эрал хьалхара 220 шарахь (кхечу хаамашца вайн эрал хьалхара 200 шо гергга долуш[23][24][25][26][27]) Эрмалойн Айраратан паччахьалла тӀетуьйхира селевкидгӀеран паччахьо Антиоха III шен тергонехь долчу Эрмалойчоьнан декъана, иза лаьттара Ван Ӏоман кӀоштахь, Тигран лакхенашкахь, оцу хенахь дуьйна цунах ала долийра Йоккха Эрмалойчоь[20][28]. Иштта, вайн эрал хьалхара III бӀешо чекхдолуш, дерриг аьлча санна эрмалойн латтанаш дисира СелевкидгӀеран Ӏедалан кӀелахь[19][20]. Оцу замана герга, вайн эрал хьалхара III — II (юьхьиг) бӀешерашкахь эрмалой охьахевшира берриг аьлча санна махкахь, цуо тӀаьхьа хӀоттийра историн Эрмалойчоь[20].

Евфратал дехьара Жима Эрмалойчоь, коьртачу асанах дӀакъаьстина шира эрмалойн пачхьалкхалла кхиарца, «Йоккха Эрмалойчоь» цӀерах официалан цӀе хилира шираэрмалойн пачхьалкхан[29]. Иштта маьӀна долуш лелийна иза вайн эрал хьалхара 77 шеран Гарнера паччахьан Трдатан I желтойн йозанехь, (желт. Μεγάλη Ἀρμενία, Мега́лэ Армени́я — «Йоккха Эрмалойчоь»). Кхин а паччахь Бакур руман II бӀешеран йозанехь язвина Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь аьлла[30]: «Аурелиус Пакорус, Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь» (желт. Αύρήλιος Πάκορος βασιλεύς μεγάλης Άρμενίας[31]). Пачхьалкхан и цӀе язйина ю кхин йозанашкахь а, масала паччахьан Трдатан III йозанехь IV бӀешо долалуш, иза карийна Апаранехь[32]. Изза цӀе лелайо иштта кхин меттанашкара — латинан, гӀажарийн, гуьржийн, оьрсийн, кхечу хьосташкахь[29].

Remove ads

АрташесидгӀеран некъий

Thumb
Паччахьан Арташес I-чун делимитацин тӀулгаш (вайн эрал хьалхара189—160 шераш), карийна Сюникехь (Зангезур)[33]

Некъий схьабевлла Арташес I-чух, цуо шех Ервандид олура. Цуьнан хьалхарчу урхаллера эрмалойчоьнан некъашца йолу уьйр чеккхенца хууш йац. АрташесидгӀеран урхалла билгаладаьлла ца Ӏа мехкан экспансешца, амма билгалдаьлла аьттонца политикин а, динан а марталла ян гӀертарца, баьхна мехкашка эрмалой хийшорца, пачхьалкхан а, оьздангаллин а йукъараллица эрмалойх тарбала гӀертар чӀагӀдарца[34][35][36].

Remove ads

Йоккха Эрмалочоьнан коьрта шахьарш

Йоккха Эрмалойчоьнан ерриг коьрта шахьраш, Тигранакерт йоцург, лаьттина Араратан тогӀенехь, хӀинцалерачу Ереванан герга — Айрарат наханган махкахь, паччахьийн долара цӀа долчохь. Айраратан паччахьаллин хьалхара коьрта шахьар хилла Армавир[37] (вайн эрал хьалхара IV чеккхе—III бӀешо); иза лору ламастан испискица историн эрмалойн пачхьалкхийн шолгӀа коьрта шахьар. Вайн эрал 200 шо гергга хьалха паччахьо Ерванд IV-чо коьллира Ервандашат[38][37], иза оццу паччахьаллин коьрта шахьар а, монархан резиденци а лаьттира, Арташес I-чо вайн эрал 176 шо хьалха Ганнибалан планца Арташат[38] гӀала йоггӀалц, иза хилира Йоккхачу Эрмалойчоьнан коьрта шахьар[39][40]. Вайн эрал 77 шо хьалха Сийлахь Тиграна югӀу Йоккхачу Эрмалойчоьнан къилба-малхбузен йисттехь керла къегина коьрта шахьар, цунна цӀе туьллу Тигранакерт[20]. Тигранакерт а, Арташат а масех бӀешарахь лаьтта коьрта шахьарш, царна йукъахь дара билггала эмгаралла: Тигранакерт яра эллинийн а, руман а Ӏаткъаман йукъ, Арташат — руман дуьхьала а, парфянашкахьара а. II бӀешо долалуш Вагарш паччахьо дӀахьо шен резиденци керлачу гӀала, цунна цӀе туьллу Вагаршапат[41]. керсталла тӀеэцарца иза хуьлу Эрмалойчоьнан килсан коьрта шахьар, хӀинца а ю иза оцу статусехь. 335 шарахь паччахьа Хосров II-гӀачо Араксан харш хийцадалар бахьнехь кхалхабо Арташатан бахархой Двине, цунах хуьлу тӀаьххьара коьрта шахьар Йоккхачу Эрмалойчоьнан, иза йоьжначул тӀаьхьа хуьлу резиденци хьалха гӀажарийн, цул тӀаьхьа Ӏаьрбийн сардалийн.

Билгалдахарш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads