Кадыров, Рамзан Ахматович

россин нохчийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, Нохчийн Республикин куьйгалхо (2011 дуьйна) а, президент а (2007—2011) From Wikipedia, the free encyclopedia

Кадыров, Рамзан Ахматович
Remove ads

Рамза́н Ахма́тович Кады́ров йа КъадиргӀеран Ахьмад-Хьаьжин Рамзан (вина 1976 шеран 5 октябрехь, Хоси-Йурт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) — иза россин нохчийн пачхьалкхан а, политикин а, тӀеман а гӀуллакххо ву. Иза Нохчийн Республикин куьйгалхо ву 2007-чу шеран 5-чу апрелехь дуьйна (хдкх 2007 шеран 15 февралехь — 5 апрелехь; 2016 шеран 25 мартехь — 5 октябрехь, 2011 шеран 5 апрель кхаччалц цу даржах Нохчийн Республикин президент олура).

Боца хаамаш Рамзан Ахматович Кадыров, Нохчийн Республикин куьйгалхо ...

2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 20072011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Йукъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн кӀант ву иза.

Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.

Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[4].

Remove ads

Биографи

Къоналла

Кадыров Ахьмадан воӀ Рамзан вина 1976 шеран 5 октябрехь Центарой эвлахь (оцу хенахь йара — Нохч-ГӀалгӀайн АССР).

Иза вара шолгӀа кӀант Ахмада Кадыровн а, Аймани Кадырован а доьзалехь[5], жимаха волу кӀант а вар, цуьнан воккхах волу ваша вар Зелимхан (1974 — 2004 шеран 31 майхь кхелхина), кхин баккхий йижарий а бу: Зарган (1971) а, Зулай (1972) а. Кадыров бенойн тайпанах ву.

Кадыровхой уггаре а доккхачу Бенойн тайпанах бу[6]. Динца йолу йукъаметтигашца Кадыровхой Кунта-Хьаьжин Шайхан вирдехь бу[6], суфийн исламан къадирийн гара дозуш бу уьш.

1992-чу шарахь Рамзана шен эвлахь чекхйаьккхина йуккъера дешеран школа[7][8].

Thumb

Нохчийн Хьалхара тӀом болчу хенахь шен деца нохчийн сепаратистийн (дӀасакъасторан) могӀаршкахь вара иза, Российн Герзан ницкъийн дуьхьал тӀом а бина[7].

Хьалхара тӀом чекхбаьлча, 1996-чу шарахь иза накъост а, шен да ларвархо а хилла, оцу хенахь Нохчийн Республикин Ичкерин муфти вара Ахьмад-Хьаьжа[7][8][9][10].

Remove ads

Рамзана Кадыровн цӀе йолу бешаш а, урамаш а

Рамзана Кадыровн урамаш
Кхидерш
  • Рамзана Кадыровн урамалг (ЧӀулга-Йурт)

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads