Ахьмад-Йурт

Курчалойн кӀоштар йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Ахьмад-Йуртmap
Remove ads

Ахьмад-Йурт[3] йа Хоси-ЙуртНохчийчоьнан Курчалойн кӀоштара эвла.

Боца хаамаш Ахьмад-Йурт, Пачхьалкх ...

Иза йу Ахьмад-Йуьртан йуьртан меттиган административан центр[4].

Remove ads

Истори

Хуосийн-Йуьрт йиллина волу Хуоса ша цӀонтаро а, Ӏальбиг-горах а, Ойсхар йиллийна болучу цӀонтаройн тӀехьенах а, цӀера оцу Ойсхарара а хилла. 1840 шарахь массо нохчаша Росси-паччхьалкхан дуьхьал гӀаттам бина Шемал куьйгаллехь волуш. Оцу хенахь Шемалан Мичкан виллайатехь наиб хилла волчу цӀонтаройн Мухьаммад-хьаьжийн кӀанта ШуӀайба биначу кхайкхамна жоп луш ГӀачалкхан рагӀан къилбседехьа йолучу йарташкахь бехаш болу нохчий дукхах берш шайн йарташ Ӏад йуьтуш ГӀачалкхан регӀах бовле, Мичкаца йолучу йарташка баха охьа ховшу. Царех цхьаъ ву Ӏумхан кӀант Хуоса а. Иза Оки-Йуьртахь ваха сецна. Цигара гергарчу хенашца дийцича 1841—1842 шершкахь Хуоса Оки-Йуьртара Пхьоне хин Ӏинчохь кӀотар йуьллий ваха хуу.

Нохчийнчоь паччахьан эскаро дӀалаьцначул тӀехьа, Шемал Россей Ӏедал кара вахале массех бутт хьалха, паччахьан Ӏедалан векалша пурба а лой, гонахьар кӀотаршкара бахархой а, БӀачи-Йуьртара а, Оки-Йуьртара цӀонтарой тӀе а кхойкхе Мичкан уллохь йуьрт йуьллу Хуосас. Йуьрт йиллина чул тӀеха 18 шарахь йуьрт-да лаьттина иза. Хуосийн цӀийнан, тӀехьенах, пхиъ фамилий йу-АдалаевгӀар, БачаловгӀар, ПашаевгӀар, ТамаговгӀар, ХосаевгӀар.

1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Красноармейск аьлла хийцина. Эвла бахкина Дагестанера акхшой (даьргӀой). 1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[5] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Remove ads

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1990[6]2002[7]2010[8]2012[9]2013[10]2014[11]2015[12]
3607565871157297751877127948
2016[13]2017[14]2018[15]2019[16]2020[17]2021[18]2023[19]
8124831785498731891387789055
2024[2]
9206

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads