Кенхи

Шаройн кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Кенхиmap
Remove ads

Кенхи (маьӀна — «кӀайн хи»[2][3][~ 1]) — Нохчийчоьнан Шаройн кӀоштан эвла йу.

Боца хаамаш Кенхи, Пачхьалкх ...

Иза йу Кенхин йуьртан меттиган административан центр[4].

Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Географи

Ламанца Ӏуьллуш йолчу Шаройн кӀоштехь йу Кенхи йурт. Шара-Орга хина уллехь, ДегӀастанан дозанца йу иза. Кхунна гуонаха йу: ДегӀастанан республикера ГӀодобери, ГӀаигӀатла, ткъа дозанал сехьа БутӀи, ХӀима, Чадра, Кхиерие ярташ[15].

Истори

Шира истори

Кенхахь карина шира кешнаш а, хӀумнаш а, Орга-Соьлжан бассейнехь карош йолчарах терра[16].

Кенхи йиллина вайн эран V бӀерахь чейрой тайпана наха. Хан яхал Кенхахь бехаш болу чейрой дӀакъаьстина кхолладелла гар (га) — кенахой, тӀаьхьо цунах хила ша тайпа кӀенхой[17].

Эвла цӀе схьаяьлла Кенхи гидронимах, иза нохчийн маттахь «кӀан хи» бохург ду. Исторехь Кенхи — нохчийн тайпа ду[2].

Thumb
Кенхи

ДӀаихначу шерашкахь тайп-тайпанчу округашна, республикашна йукъайоьдуш лаьттина Кенхи. 1924-гӀа шо тӀекхаччалц ДегӀастанан Ӏаьндийн округа йукъахь лаьттина, цул тӀаьхьа 1944-гӀа шо тӀедаллалц НГӀАССР-н Шаройн кӀоштана йукъайогӀуш хилла. Ткъа 1944-чу шарера 1957-гӀа шо кхаччалц ДегӀастанан ЦӀумадан кӀоштах дӀатоьхна лаьттина, ткъа цул тӀаьхьа НГӀАССР-н Шуьйтан кӀоштана йукъахь лаьттина. 1992-чу шарахь дуьйна, Шаройн кӀоштана йукъахь йу[15].

БӀешераш хьалха дуьйна а даьхни, латта лелорца хилла Кенхирчу бахархойн хене бовлар. Бакъду дӀаден пайдехь долу латтанаш кӀезиг ду ламанца, цундела оцу лаьттан пусар деш гӀишло а дӀаден мега долчу лаьтта тӀехь ца еш тӀулгаш тӀехь еш хилла гуттар а[15].

Дуьххьара 1929-чу шарахь Кенхи, Чадра-шина йуьрта йуккъехь Школхе олучу меттехь йиллина кхузахь ишкол. Нохчийн, суьйлийн, оьрсийн къаьмнех бара хьехархой. Вайнах махках баххалц болх беш яра и ишкол. 1937-чу шарахь йиллира колхоз, кӀоштехь хьалхарчу меттехь яра иза[15].

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом

ТӀаьхь-тӀаьхьа толуш схьадогӀуш дара йуьртан дахар, амма цӀеххьана цхьанна а цамоьттург хилира — Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом болабелира. Оцу тӀаме 60 стаг вахара хӀокху йуьртара, цхьаболчу доьзалшкара шишша-кхоккха а ваханера тӀаме. Масала, АбуевгӀеран доьзалера кхо ваша ваханера тӀаме, АлибулатовгӀеран, ДубаевгӀеран, МагомедхановгӀеран, ОмаровгӀеран, УмаровгӀеран, БаталиевгӀеран доьзалшкара шишша ваханера. Тайп-тайпанчу фронташкахь тӀемаш беш царах 38 бӀаьхо кхалха а кхелхира. Брестан гӀап ларъеш кхелхира Алибулатов Шихабудин, Гасанов МуртазӀели, Гошдадов Иман-Ахьмад, Исмаилов Сулейман, Салимов Анаб. Алссам нах бахара кхузара хӀетахь къинхьегаман эскарехь гӀуллакх дан а. 108 стагана «Сийлахь-боккха Даймехкан тӀамехь 1941—1945 шш. Сийлахь къинхьегаман» мидалшца совгӀаташ дира, ворхI стагана «Кавказ ларъяран» мидалш елира[15].

2016 шо

Карарчу хенахь Кенхехь 300 сов ков-керт а, 2000 гергга стаг а ву Ӏаш. Юьртахь йукъарадешаран 3 школа, 2 библиотека, 2 культурин цӀа, суьйлийн культурин туш, куьпан больница, дохнан лоьрийн учреждени йу[15].

Хьалха ледара хиллехь а, некъаш тодина хӀинца, Шарой-Орга хи тӀехула тӀайш а техкина, дика болх беш йу телефонан зӀе а[15].

ХӀинцалерчу лехамашца богӀуш болчу гӀирсашца кечйина йу школаш, культурин, медицинин учрежденеш[15].

Массанхьара санна кхузара а бевлла дика говзанчаш, пачхьалкхан гӀуллакххой. Царах ву медицинин Ӏилманийн доктор, профессор Абдулаев Алигаджи, Российн Федерацин йукъарчу дешаран сийлаллин белхахо, ДегӀаста республикин хьакъволу хьехархо Ражабова Хьава, Федеральни суьдхо Алимирзаев Агамирза, ДегӀаста Республикин хьакъйолу лор Сулейманова Сагират, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Магомедов Ахьмад, кхиберш[15].

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads