Куцель, Феликс Петрович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ку́цель, Фе́ликс Петро́вич (1945 шеран 10 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС — 2000 шеран 18 апрель, Георгиевск) — дзюдон ССРС Сийлахь тренер (1991 шо).
Remove ads
Биографи
Вина 1945 шеран 10 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цо дзюдо Ӏамайора, ССРС спортан говзанча хилира иза. Амма чӀогӀа лазаваран бахьнехь цуьнан спорт йита дизира. ТӀаккха «Локомотив» цӀе йолу спортан йукъаралленахь иза тренеран болх бан волавелира.
Цо кечбира 150 сов спортан говзанчаш а, шортта ССРС халкъашна йуккъера классан спортан говзанчаш а, пачхьалкхан а, Европин а, дуьненан а, халкъашна йуккъера йахьаллонийн а чемпионаш а, совгӀатхош а.
ССРС хӀаллак хилча цьунан Соьлжа-Галара дӀаваха дийзира. 1998 шарахь иза Георгиевске дӀавахара. Цигахь цо берийн спортан школехь тренер болх бира. Иза велира 2000 шеран 18 апрелехь.
Remove ads
Боьвзуш болу дешархой
- Бисултанов, Хасан — хӀинца Туркойчохь Ӏаш волу нохчийн дзюдоист, Сиднейхь хилла йолу Олимпиадан чемпион, дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо, Европин чемпион, 2-за ССРС чемпион, масийттуза Турцин чемпион;
- Вараев, Башир Магомедович — 4-за ССРС чемпион, 3-за дуьненан чемпионатийн совгӀатхо, Олимпиадан борзан совгӀатхо;
- Мациев, Ислам Хамзатович — 4-за Российн чемпион, масийттуза Российн а, Европин а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхо, дукха халкъашна йукъара турнирийн толамхо а, совгӀатхо а, халкъашна йуккъера спортан говзанча;
- Чапаев, Ваха Хасанович — Нохчийн Республикин спортан министран когаметтаниг, Российн Сийлахь тренер.
Remove ads
СовгӀаташ
Виццавар
Соьлжа-ГӀалахь а[1], Георгиевскехь а[2] хуьлу Феликс Куцелин лерина турнираш.
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads