КъатӀар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
КъатӀар (Ӏаьр. قطر [ˈqɑtˁɑr], метт. [ɡitˁar]) — Юхерчу Азехьара жима Ӏаьрбийн пачхьалкх йу. lарбойн латтйукъе Гlежарийн lаман юхехь. Коьрта Гlала — Духьа.
2017 шарахь, КъатӀарехь дехуш ду 2.6 миллион адам: 313,000 бухар, тlеберкин 2.3 милллион.[6] Ислам мехк коьрт дин, lарбий Инглисхой меттанаш буьйцу махкахь.
Remove ads
Географи
Мехкан гуонахь: къилбехьа, малхбалехьа а малхбузехьа губекхин Гlежарийн lама, къилбседехьа lаман йукъехьа Бахьрайна латта дакъа а, къилб-малхбузехьа Саlуд-lарбойчоь.
Мехк истори

1971 шара, 3-гl чу Сентебряхь Британин lуьналара йелира Къатlара, мерша пачхьалкха йу аьлла кхайкхина.
1995 шарахь, Къатlар эмир Хьамад бин Халифа Аль-Сани lедали веъара шена дегара lедала керар докхуш, шена да Халифа бин Хьамад Аль Сани lедалехьа волушахь, мехк тlемницlацаца а лулахар мехкаш накъостал дира цуьнан кlантан lедале вогlуш цун да дlавокхуш[7].
2003 шарахь, Къатlарехь хьа-йиллира Амирикан Штаташ шена тlемницlан базанаш а lиракъе тlом булош а тlемницl сурхалаш а.[8].
2013 шара, Июнехь Шайх Тамим бин Хьамад Ал Сани lедале веъара цуьнан дена пурбанца.[9] Шайх Тамимас мехк чухьар хьал тадаран хийцамаш беъира, дешаран а могшаланаш аьттош беш.[10]
Къатlаро накъостал дира Саlуд-lарбойчоьна хьалха йолуш lарбийн пачхьалкхаша дахьоша йолу тlем тlелатар Йеманана, цигара lедала хийцуш а Хьусишкара lедала хьадакха а, Ирано гlо даш Саlуд-lарбийчоьна доьхьала латтош йолчу тобана [11]
Къатlарехь хира йолуш йу 2022 Дунен Футболан Ловзарш, 21-гl Наябарани 18-гl Декабран бетташкахь, lарбой пачхьалкхашан йукъера хьалхара мохк бу Дуьнен Футболан Ловзараш дахьош .[12]
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads