Къоракуотам

From Wikipedia, the free encyclopedia

Къоракуотам
Remove ads

Къоракуотам (инг. Tetrao urogallus, оьрс. Глухарь) — НIаьна лог кIело Iаьржа а йолуш, къокханан басахь накха а болуш, ал тIемаш а долуш ю. ЧукIело кIай тIедарчий а долуш, къорза ю цуьнан. ЗIок кIай бос болуш ю. Котам Iаьржа тIедарчий а долуш хьаьрса ю. КIезиг ю уьш. Ламанца а, лахенца а хьаннашкахь хуьлуш ю уьш. Шишша цхьана кхеташ Iедал дац церан. Баннаш диттийн кондаршна кIелахь до. Тойна май баттахь доккха. ХIоьаш ал тIедарчий а долуш хуьлу 5-9. ДIай-схьай кхелхаш дац церан дахар. Цхьана меттехь хуьлу уьш. Котам тойна хиъначу хенахь меттах а ца йолу. Бос дIадаханчу шеран екъчу бацах, гIах дIатарлой хуьлу цуьнан. Цундела атта бIаьрг тIе ца кхуьу цунна.

Боца хаамаш Къоракуотам, Ӏилманан классификаци ...
Remove ads

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads