Нижалой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Нижалой[1] - нохчийн чӀебарлойн тукхумара тайпа, ткъа М.А.Мамакаевс дийцарехь Шотой тукхум йукъара ду. М.А.Мамакаевс Нижлойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпанашна йукъатуху[2]. Тайпа J2 гаплотобанера ду[3].
Remove ads
Географи
Йукъараллин дозанаш ду: къилбаседехь – ЭгIашта а, МахкатӀе а, малхбалехь – ЧӀебарлой, малхбузехь – ДӀай, къилбехахь – Чобаьккхинрой.
Иштта «Нижала» цӀе йолуш кхоъ эвла хилла: хьалхарниг – Осхар-овлан малхбалехь, шолгӀаниг – ГӀази-овлан малхбалехь, кхоалгӀаниг – Жубиган-овлан а, ГӀази-овлан йукъахь[4].
Нижлойн лам лаьтта Нижалан къилба-малхбузехь[5].
Нижалан эвланаш
Нижалан йукъайогӀу: Бейсхор овл, ГӀези овл, ГӀонтӀа, Дангар овл, Дургойн овл, Жубиган овл, Тамбийн овл, Чуьрейн мохк, ЦӀинтиг овл[4], Лаха Нижала, Муьшиечуо, Нижала, Осхар овл, ПатӀайн овл, ЧӀадана[5].
Беха меттигаш
Нижлой беха йарташ: Тевзана, Хоттане, Устрада-Оьвла, 2- Отделение, Заки-Эвла, Хаьмбин-Ирзе, ВаларгтӀе[6], Лаха Невре, ЧӀулга-Йурт ишта кхи а, дуккха а.
Remove ads
Этимологи
Тайпанан векалша дийцарехь Нижал цӀе схьайаьлла доларчу цӀарах, церан дайшах цхьаьнан цӀе хилла иза.
Гениалоги
Нижлой, Босой, ДӀай кхаа вешийн доьзалаш лору[7]. Амма Сулейманов Ахьмада дийцарехь уьш схьабовлар ду кхечу кхаа вешех Гундал, Гундарген, Нижал. Амма еллачу ДНК тесташца Гуной кхин гаплотоба ю, цуьндела Гундалах дериг шеко йолуш ду. Иштта силсил ю Нижлойн: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан – Сайд-Ӏали – АргӀун – Нижал.
Тайпа декъадалар
Нижлой бекъало 14 гаран; БагӀай (J2), Бейсхор, Богач, ГӀези, Дангар, Дургой, Жубиг, Имай (J2), Майд, Осхарой (J2), ПатӀай, Тамбий, ЦӀинтиг, Чуьрей.
Истори
Нижалой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенех бу.
Шемара эмир Саид-Ӏали велчи, цуьнан меттиг дӀалецира кхечу тайпанчу стага. Цуьнан кӀенташна Сайд-Ӏалин, Абул-Ханан, Решед-Ханан, Хьамзат-Ханан ден меттиг дӀалаьцчи, ца лиира даймахкахь баха, уьш кхелхира къилбаседехьа. Кавказан лаьмнашкахь кхечира Курку-лам йа Кхеташ-кортан кӀоште, хӀинца ЦӀонтара а, Теза-Кхаьлла а лаьттача. Церан цхьаннах кхоъ кӀант вара – Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг – Гундарген охьахиира хӀинца Гендаргана лаьттача, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь висира. Нижал охьахиира Яьссин дехьа[8].
Remove ads
ГӀарабевлла тайпанан нах
- Авторханов, Ӏабдурахьман Геназович (1908 шеран 3 октябрь — 1997 шеран 24 апрель) — историк-советолог, политолог, йаздархо.
- Арбиев Исраил – ЧӀулга-Йуртан вахархо, Брестан гӀопан турсло, тӀепаза вайна.
- КъахӀим-Хьаьжа. Шайх – Накъшбанди. Зийарат ЧӀебарлойн кӀоштан Нижала эвлахь.
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads