Огуз-наме

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

«Огу́з-Наме́» («Огузан жайна»)[1]эпосан иэс, туьркийн огузийн силсилах а, церан туьйра хиллачу дех Огуз-каганах (Огуз-ханах) а лаьцна долу. Ӏалаш хилла йуккъерчу бӀешерашкахь йаздина цхьаболчу кхолламийн тептарш. Уьш доцуш дисина кийсакаш йуккъерчу бӀешерийн историн кхолламийн. Уггар шираниг царех XIIIXIV бӀешерашкара карлука-уйгурийн верси йу. Оцу версин XV бӀешеран тептар Ӏалашдеш ду Парижехь[2]. XVII бӀешарахь эпосан бусулбанийн верси кхоьллина хиван хана АбулӀазис[2]. Билгалдаккха деза, массо а 12 дийцарах кхечу[1] туьркийн эпосан иэсан «Китаби деде Коркуд» тиллина иштта дашца цӀе «Огуз-Наме»[2].

1309 шарахь туьркех схьавалар долу историка Абубакр ибн ӀабдуллахӀ ибн Айбек-ад-Давадарис Мисрехь Ӏарбийн маттахь йазйина жима тептар («Хестийначеран исторера жовхӀар»), цуо йаздина цхьаьна туьркийн маттара персийн матте гочдинчу жайнех лаьцна. Иза дара VI бӀешерера сасанидийн паччахьан Анушираванан визиран Бузург-Мехруйн. И «Дастан Улухан Ата Битикчи» цӀе йолу жайна, VIII бӀешарахь, Харун-ар-Рашид паччахь волуш гочдина Ӏарбийн матте. Абубакра, оцу тептар тӀиера, дуьйцура туьркийн дастанех, Огуз-ханах, тӀехьуо эпос йукъа даханчу «Китаби Деде Коркудах», Тепегёзах лаьцна. Кхоллам бевзаш бара кхин а «Огузнаме» цӀарца, цуьнан оригинал вайн деношка ца кхаьчна. Оцу кхолламера Тепегёзах лаьцна дийцарш къаьста уйгурийн маттахь йаздинчу, Парижехь Ӏалашдечу "Огузнамех"[3].

2007 шарахь эпосан мукъмашца азербайджанийн композитора Гулиев Джаваншира кхоьллира изза цӀе йолу балет «Огузнаме»[4].

Remove ads

Билгалдахпрш

Литература а, тексташ а

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads