Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а[4][5] (гуьрж. რაჭა-ლეჩხუმი და ქვემო სვანეთი rač’a-lečxumi da kvemo svaneti; гуьрж. რაჭა-ლეჩხუმის და ქვემო სვანეთის მხარე rač’a-lečxumis da kvemo svanetis mxare) — Гуьржийчоьнан хӀинцалера административан мохк. Коьрта а йойккха гӀала а — Амбролаури.
ДӀалоцу Гуьржийчоьнан массийта историн мехкаш: Лаха Сванети (Квемо-Сванети), Лечхуми, Рача. Мехкан цхьадолу дакъа Къилба ХӀирийчоьно доладеш ду.
Remove ads
Истори
Ехачу хенахь мохк вовшахтосуш долу декъийн истори — Рача-Лечхуми а, Лаха Сванети а — ша шина йара. XIX бӀешаран йуьхьехь Лаха Сванети йукъайогӀуш йара Мегрели олаллин (оцу хенахь Лакха Сванети бахархой маьрша бара), ткъа Рача-Лечхуми — Имеретин пачхьалкхан йукъайогӀуш йара. Уьш ерриг цхьана Российн империн йукъа яхара 1803 а, 1804 а шерашкахь.
1840 шарахь Рача-Лечхуми йукъа йоьду Гуьржийн-Имеретин губернин, ткъа Лаха Сванети Мегрелин олаллин йукъахь йуьсу. 1846 шарахь Гуьржийн-Имеретин губерни дӀасайикхича, мехкан шеа дакъа административан дакъа — Кутаисин губерни йукъа туху. Массийта реформийн тӀехьа Мегрели олалла дӀасайикхича (1867 шарахь), 1886 шарахь гергарчу хьесапехь мехкан латта дара шиъ уезд санна Кутаисин губерни — Лечхумин (Лаха Сванети) а, Рачинин а йара оцу йукъахь (центр Они гӀалахь).
Remove ads
Административан йекъайалар
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а йукъахь йу йиъ муниципалитет. 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Амбролаури гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала йара).
Онин муниципалитетан малхбалехьара дакъа Къилба ХӀирийчоьна Дзаусин кӀошт санна лоруш ду цуна доладеш йу Къилба ХӀирийчоь, цу йукъахь йу Квайса гӀала а, иза Гуьржийчохь Кваиси цӀарца гӀалин кепара эвла лоруш йу.
ГӀаланаш: Они (2656 стаг, 2014 шо), Амбролаури (2047 стаг), Цагери (1320 стаг).
ГӀалин кепара эвлаш: Лентехи (947 стаг, 2014 шо), Хариствала (1991 шарахь мохк бегор бахьнехь бахархой бац).
Remove ads
Бахархой
2018 1 январехь ларарца мехкан 30 246 бахархой бу[1], 2014 шеран 1 январехь ларарца — 45 900 бахархой[10] (Къилба ХӀирийчоьнан Джаван кӀошот ойцуш).
2014 шарахь ларарца 32 089 бахархой[7], 2002 шарахь ларарца — 50 969 бахархой (1,2 % пачхьалкхан бахархойх), 2008 шеран 1 январехь ларарца — 48 200 бахархой[11], 2009 шеран 1 январехь ларарца — 47,7 эзар бахархой.[12]
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан дукхахболу бахархой бу гуьржий (99,65 % йа 31 977 стаг 2014 ш. ларарца), кхузахь цера йу массийта этнографин тобанаш. Мехкан къилбехь беха рачинаш, къилба-малхбузехь — лечхумаш, ткъа къилбаседехь беха сванаш, цера бу шайн сванийн мотт.
Дукхахболу хӀирий беха Онин кӀоштан малхбалехьара декъан тӀехь, иза Гуьржийчоьно шен лоруш йу, амма иза Къилба ХӀирийчоьна Дзаун кӀоштан дакъа ду. Цул совнах хӀирий беха Онин кӀоштан гуьржийн дакъошкахь 22 хӀирий (я 0,36 % кӀоштах).
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014 ш.)[8]
Они махкахь хьалха дуьйна бехаш бара жуьгтий.
Remove ads
Карта
Картин легенда:
| 5000 сов стаг. | |
| 2000 тӀера 5000 кхаччалц стаг. | |
| 1000 тӀера 2000 кхаччалц стаг. | |
| 500 тӀера 1000 кхаччалц стаг. | |
| 200 тӀера 500 кхаччалц стаг. |
Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а мехкан нах беха меттигаш
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
