ЖӀайхой

From Wikipedia, the free encyclopedia

ЖӀайхой
Remove ads

ЖӀайхой (жӀай. магIарулал[23]) — Кавказан орамера къаьмнех цхьаъ, гена заманара дуьйна деха Ломан ДегӀастахь, ткъа иштта Малхбузан Гуьржийчохь[24] а, Къилбаседа Азербайджанехь а, таханлерачу ДегӀастанан уггаре доккха къам[25].

Боца хаамаш ЖӀайхой, Шен цӀе ...
Remove ads

Барам а, охьаховшар а

Дуьнен тӀиера жӀайхойн барам: берриш 1 млн: Россехь — 850 эз., Азербайджанехь — 50 эз., Туркойчохь — 50 эз.[26]

2010 шарахь бахархой багарбаран терхьашца жӀайхойн дакъа кӀошташкахула[5]:

Ма-дарра КӀоштан цӀе, Регионан цӀе ...

Беха ДегӀастанан ломан доккхаха долчу декъехь, ткъа кхин а аренашкахь (Шури-ГӀалан, Хаси-Эвлан, Кизилюртан, кхин а кӀошташкахь). ДегӀаста йоцуш, беха Нохчийчохь, ГӀалмакхойчохь, кхин РФ субъекташкахь (берриш — 912 090 ст.). ДегӀастанахь жӀайхой охьаховшаран коьрта область — ЖӀайхойн Койсу (ЖӀайхойн-ор) а, Ӏаьндийн Койсу (Ӏаьндийн-ор),Ӏаьржа-Койсу (Чеэр-ор) а эркийн майданаш. 28 % жӀайхой беха гӀаланашкахь (2002).

ЖӀайхой иштта беха Азербайджанехь (коьртаниг Белоканан, Закаталын, Кахан кӀошташкахь а, Бакохь а), цигахь 1999 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, массеран барам 49,8 эзар стаг хилира[27]. ЖӀайхойн кегийра тобанаш еха Гуьржийчох, гулахь Кварелин муниципалитетехь, кхин а Логодехан муниципалитетехь, Тиблисехь, Туркойчохь, Кхазакхстанехь, кхечу махкашкахь а[28].

«ЧӀогӀа чолхе а, цхьаьна ца догӀуш а ду тахана, — ала дийзира 2005 ш. реза ца хиларца дегӀастанан Ӏилманчо Б. М. Атаевс, — Российн арахьара жӀайхойн диаспоран барамех лаьцна хаттар. Иза доьзна ду уггаре хьалха, уьш бехачу мехкашкахь политикин а, кхин а бахьнашца бахархой багарбарехь къам ца гайтарца. Цундела далош долу тайп-тайпанчу хьосташца жӀайхойн тӀаьхьенийн барам хетарехь гергара бен ца хаьа, масала, Туркойн Республикехь. Амма нагахь ларахь дегӀастанан малхбалеӀаморхочун А. М. Магомеддадаевн дешнаш, „таханлерачу Туркойчоьнан махкахь 1920-гӀа шерашкахь хилла 30 сов дегӀастанан эвланаш, 2/3 царех лаьтташ хилла жӀайхойх, „оцу махкахь беха дегӀастанхойн-баккхийн наха дийцарехь, тахана кхузахь беха 80 эзар сов дегӀастанхо“, тӀаккха лерича царех 53 эз. жӀайхо хуьлу»[18].

Иштта, уггаре йоккха ССРС хиллачу мехкан дозанал арахьара жӀайхойн диаспора Туркойчохь ю. Цуьнца цхьаьна, лара деза, Хункар-мохк йукъахь хиллачу Шеман а, Урданан а мехкашкахь кӀез-кӀезиг жӀайхойн мухажирийн тӀаьхьенаш хилар, уьш кӀезиг хиларна, меттигерчу Ӏаьрбийн бахархойн оьздангаллан а, меттан а боккха Ӏаткъам хилла, иштта къилбаседакавказхойн, алсама адыгийн а, нохчий а. «ДегӀастанхойн Ӏусманан импере мухажиралла» цӀе йолчу шина томан монографин авторо Магомеддадаев Амирхана тешалла до: «Къилбаседакавказан векалш, царна йукъахь дегӀастанан диаспоро а ладаме роль ловзайо Туркойчоьнан, Урданан, Шеман социалан-экономикин а, йукъараллин-политикин а, синмехаллин-этносан дахарехь… Таханлера Туркойчохь, вайн гарехь, тоьар ду, Туркойн Республикин Тансу Чиллеран правительствехь пачхьалкхан кхерамазаллин министр Мехьмет Гёльхан хилар гайтича а[29]Кулецма эвлара мухажирийн тӀаьхьенах волу, я Ментеш Ӏабдулхьалим, 1960 шарахь Туркойчохь пачхьалкхан харцам охьатаӀийна, авиаполкан баьчча»[30].

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads