Ӏовхойн кӀошт

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ӏовхойн кӀошт
Remove ads

Ӏовхойн кӀошт[1][2] (оьрс. Ауховский район) — ДегӀастанан административан дакъа. Кхоьллина 1943 шеран октябрехь ДегӀастанан АССРн йукъахь, нохчий-Ӏовхойн латтана тӀехь[3]. Административан центр — ГӀачалкъа.

Боца хаамаш Ӏовхойн кӀошт, Пачхьалкх ...
Remove ads

Истори

XIX бӀешарахь Имамат йолучу хенахь кхузахь дара имаматан административан дакъа — Ӏовхойн наибалла[4]. Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, Ӏовхой бехачохь цхьана хенан лаьттира административан дакъа — Ӏовхойн гуо[5].

1944 шеран февралехь нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчура нохчашца а, гӀалгӀайшца а махкахбаьхира Йуккъерчу Азе, ткъа цера кӀоштан цӀехийцира ГӀазгӀумкийн керла кӀошт аьлла. КӀоштан цхьа дакъа луларчу Казбековн кӀоштах дӀатоьхна йарташка Алмакхара суьйлий ховшира[6][3]. Суьйлий оцу йарташка шайн лаамца ховшийна[7].

МеттахӀоттор

1980-гӀа шерийн чакхенгахь нохчаша айдира Ӏовхойн кӀошт хьалха хиллачу дозанашкахь меттахӀоттор а, суьйлий, гӀазгӀумкий а шайн махкар ара бахар а[8][9]. 1991 Халкъан депутатийн III Гуламо сацамбира кӀошт меттахӀоттайан, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан йукъа йаха йезаш йу[10]. Ткъа гӀазгӀумкашна латта делира Кумторкалан кӀоштехь[11].

Тахана Ширча-Эвлахь а, Пхьарчхошкахь а бахархой, бакъалла аьлча, этносийн принципехь бекъабелла бу: нохчий а, суьйлий а параллелехь бехаш бу – ишколашкахь бераш доьшуш бу шайн шайна бекъна; нохчаша а, суьйлаша а цхьана маьждигехь ламазаш а цадо. Вовшашка тезете а ца больху. Кегийрхой сих-сиха леттарш а хуьйлу[12].

ХӀоллам

1989 шарахь цхьана агӀора нохчийн а, вукху агӀора суьйлийн, гӀазгӀумкийн а йукъаметтиг телхира, бахьна дара нохчаша Ӏовхойн кӀошт меттахӀоттор дехча, 1944 шарахь дуьйна суьйлий а, гӀазгӀумкий а бехаш болу[13].

Хаси-Эвлан йукъараллас ГӀачалкъахь 1944 шарахь махкахбехначарна хӀоллам хӀоттиначултӀехьа Бони-Эвлан центрехь суьйлийн а, гӀазгӀумкийн а йоккха митинг гулйира, декъашхоша кхайкхам бира хӀоллам хӀотторо йукъаметтигаш талхош хилар, цул совнах цара Ӏедали дихира нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Шелковскан кӀоште махкахбаха аьлла[13].

Remove ads

Нах беха меттигаш

Thumb
Бони-Эвла
Боони-Йурт
Лакха-Отар
Алтмирз-Йурт
Зори-Отар
Мини-АтагӀа
Билт-Эвла
Кешен-Эвла
ГӀачалкъа
МажгӀара
Ярмаркино
Барчхой-Отар
Ширча-Эвла
Пхьарчхошка
Хаси-Эвл
Бурсун
Албур-Отар
л. Iамир-Корт
л. Кокан басе
Алмакх
Делам
Хений дукъ
Эндирей
Ваниг-гӀала
Ӏовхойн кӀошт
Remove ads

Эркаш

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads