Талхигова, Роза Шахидовна

From Wikipedia, the free encyclopedia

Талхигова, Роза Шахидовна
Remove ads

Роза Талхигова (1965 шеран 3 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн поэтесса а, Нохчийн йаздархойн союз декъашхо а (1996 шо), Российн йаздархойн союз декъашхо а (2002 шо), Российн журналистийн союз декъашхо а йу (2003 шо).

Боца хаамаш Талхигова Роза Шахидовна, Йина терахь ...
Remove ads

Биографи

Йина 1965 шеран 3-гӀа июлехь Соьлжа-ГӀалахь. Дуьххьара байт цо итт шо кхаьчча йазйина. Цо Нохчи-ГӀалгӀайн республикин литературин къийсамашкахь дакъалоцар, даимма а лакхара меттигаш йохара. 1983 шарахь Саид Бадуев цӀарах болу къийсамехь шозлугӀа меттиг йаьккхира цо. Кест-кеста цо йазйина байташ республикера журналашка а, газеташка а тӀейокхура. Цкъаццкъа иза радиос а, телевиденис а йистхила кхойкхура.

Цо школа чекхйаьккхинчулатӀехь 1984 шарахь цуьна байташ къоначу тобанан цхьанатоьхна арахоьцушйолу «Ӏуренна аз» цӀе йолу байташан гуламан йукъайахара. 1985 шарахь арайелира цуьна шозлугӀа сборник «ОрамаштӀе хьалвахар».

1990 шарахь цо чекхйеккхира Москвара Горький цӀарах йолу литературин институт. Цул тӀеха цо «Вайнах» цӀе йолу литературин а, исбаьхьаллийн а журнал байтан дъека редакторан болх бина, Нохчийн Республикин адамийн бакъоний векал аппаратехь коьрта специалист болх бина.

Цо йазйина байташца йаьккхина эшарш лоькхуш бу масийтта бевзаш болу нохчийн а, российн а эшархой.

Remove ads

Библиографи

  • тобан гулам «Утреннее эхо» («Ӏуренан аз», 1984 шо);
  • тобан гулам «Восхождение к корням» («ОрамаштӀе хьалвахар», 1985 шо);
  • сборник «Оглянувшись в листопад» («ГӀашэгартӀе йухахьажар», 2007 шо)

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads