Хараппа

From Wikipedia, the free encyclopedia

Хараппаmap
Remove ads

Хараппа (урду ہڑپہ, инг. Harappa) — ширахӀиндин гӀала ю, хараппин цивилизацин (вайн эрал 3 эз. — 17—16 бӀешо хьалха) коьртачех цхьа центр. Лаьтта Пакистанера (хӀинцалерачу Пенджабан мохк) Сахивал гуо чохь, Рави хин шира харш уллохь.

Боца хаамаш Хараппа, Пачхьалкх ...
Thumb
Хараппера 2500 гергга миниатюран суьрташ я тайнагийн моделаш. Картонах дина хатӀ полихромаца куьйга дина.

«Хараппа» йац хьалхалера гӀалин цӀе. И цӀе йелла цунна ширачу керлачу Хараппа гӀалин цӀарах, 6 километр генахь лаьттинчу. Керла Хараппа — тӀеман хенахь йисина британин колонизацин цӀерпоштнекъан станци ю. ХӀинца иза жима некъан йисттера гӀала ю, 15 эз. вахархо а волуш. Шира Хараппа карийна 1920-гӀачу шш., оцу хенара дӀахьуш ду археологин ахкарш.

Карийна Борзанан бӀешерера йохийна йолу чӀагӀйина гӀала, иза шен хенахь хилла уггар йоккха гӀала. Бахархой бара 23,5 эз. ст.[1] Шира Хараппан къапалгаш чӀогӀа йохийнера ХӀиндера британин олаллаш, цуьнан кибирчигаш лелон йолийра ЛахорМултан цӀерпоштнекъ буьллуш. Оцу меттигехь ойла яра самукъанен парк хӀотто, Белхаш совцийра 2005 шарахь, дуккха а археологин артефакташ карийча. ГӀараваьлла Пакистанан археолога Ахьмад Хьасан Дани бахьнехь оьздангаллин Министралло барт бира гӀала меттахӀотто[2].

Remove ads

Хьажа иштта

  • Мохенджо-Даро

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads