ЦӀечу-Аьхке
Энахишкан кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ЦӀечу Аьхке, ЦӀеча Аьхк (нох. ЦIечу аьхкие, ЦIий Iанийнчу аьхке) — Нохчийчоьнан Соьлжан кӀоштара дӀатесна эвла, хӀинца йохийна йу. XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш (кхин хьалха а хила тарло) орстхойн синмехаллин а политикин а центр хилла. ЦӀечой тайп схьадаьлла эвла[~ 1]. 1890 шарахь эвлахь 25 керт хила, 192 бахархой хила, къам — нохчий[1].
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац.  | 

Remove ads
ЦӀе
ЦӀечу Аьхке эвлан цӀен этимологи маьӀна даьккхина талламхочо мохкӀаморхочо А. С. Сулеймановс: цӀеран хьалхара дакъа схьадаьлла цӀен а, кхаьрчан а, акхаройн а ЦӀа цӀе йолчу делин цӀарах, ткъа цӀеран шолгӀа дакъо билгалдоккху охьа доьду хи йа Ӏин. Кхин цӀе — ЦӀий Ӏанийнчу аьхке, дийцаршкахь кхузахь кхечу махкахошца цӀий Ӏанош тӀом хилла[2].
Географи

Эвлан йоьхна гӀишлош кӀоштан центр йолу Эна-Хишка станицин къилба-малхбузехьа йу, Марта хин аьтту берда тӀехь, Лакха Алкун йуьртан 4 км генахь[2]. Уллора йарташ, Алкун йоцуш, къилбаседехь — ДаьттагӀа, къилбаседа-малхбузехь — Муьжичоь.
Истори
Талламхойн а, документийн а тоьшаллашца XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш, ЦӀечу Аьхке йара орстхой беха маьхкан синмехаллин а, политикин а центр[3]. Шен йукъара дуккха а вайнехан къаьмнаш схьадевлла долу, нохчийн, гӀалгӀайн этногенезехь дакъа лаьцна йолу Лам-Аьккхи олу исторически регион йукъахь бара и мохк. ТӀаьхар хьенахь йерриг ГаланчӀож кӀошт меттахота йа белхан ду дӀа доьлхуш, цу белхан йукъа йохуш йу ЦӀеча-ахка а[4].
Фамилеш
- ЦечоевгӀар
 - ГардановгӀар
 - БоковгӀар
 - ОпиевгӀар
 - СаралиевгӀар
 - ГорчхановгӀар
 - ГарчиевгӀар
 - АлиевгӀар
 - КурбановгӀар
 - БариевгӀар
 - БерсановгӀар
 - ГовороджевгӀар
 - ГубаевгӀар
 - ДжантемировгӀар
 - ЗарахматовгӀар
 - ИлиевгӀар
 - ИналовгӀар
 - МазиевгӀар
 - МусиевгӀар
 - СулимановгӀар
 - ТалибовгӀар
 - ТатриевгӀар
 - ТоркоевгӀар
 - УмаевгӀар
 - ЭкажевгӀар
 - ЭлжаркиевгӀар
 - ЭмиевгӀар
 - ГагиевгӀар
 - СапралиевгӀар
 - ЦорхоевгӀар
 - МуталиевгӀар
 - ГетагажевгӀар
 
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
