Шатаев, Мохьмад Шотаевич
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Шатаев Мохьмад Шотаевич (1896, Теркан область, Курчалой-ГӀала, Российн импери — 1965, Курчалой-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — нохчийн, советски, пачхьалкхан, йукъараллин гӀуллакххо.
Remove ads
Биографи
Шатаев Мохьмад вина 1896-чу шарахь куьрчалой тайпанахволчу вахархочуьнан Товболт-Хьажни кӀентан ШотӀийн доьзалехь Куьрчала йуьртахь. Мохьмадан дай, Шайгахь доккха иман а аьттуо а болуш Куьрчалой генах нах хилла. Цо дешна нохчийн берашна лерина хилла йолчу Веданарчу оьрсийн школехь. И школа схьайиллинарг хилла, Нохчийчохь Ӏилма Ӏаморхо, «Дикий дивизии» бӀехойн командир хилла волу А. Кужуев[1].

Цуьнан да ШотӀа, шен долахь латта а туькнаш а йолуш йохка-эцархо хилла.
Мохьмадан пхийтта шо кхочуш, дӀакхелхина да.
Шатаев Мохьмада 1918-чу шарахь гражданский тӀамехь, Соьлжа-ГӀала ларйеш «БӀе дийнан тӀомехь» дакъа лаьцна.
Иштта, Али Митаев волчу полкехь а волуш, Веданан гӀопана тӀелатар хиллачохь дакъа лаьцна.
1920-чу — 1922-чу шерашкахь — Грозный гӀалин Нохчийн округан исполкоман Инструктор;
1921-чу шарахь — БуритӀе, Горский съездан совете делегат хаьржина. Оццу шарахь Соьлжа-ГӀалин Нохчийн округан исполкоман декъашхо;
1922-чу — 1925-чу шерашкахь — Курчала йуьртахь, йуьртан да;
1924-чу — 1927-чу шерашкахь — Нохчийн областан съездан Совете шозза хаьржина делегат;
1925-чу — 1926-чу шерашкахь — Гуьмсан округан Инструктор-Нохчийн областан халкъан дешаран отдел, Соьлжа-ГӀала;
1926-чу — 1927-чу шерашкахь — Лаьттан отделан округан Куьгалхо, Нохчийн областан Гуьмсе станиции Округан исполкоман куьйгалхочуьнан гӀонча.
1927-чу — 1931-чу шерашкахь — Нохчийн автономин областан, Гуьмсен станицин, Гуьмсан Округан исполкоман куьйгалхо.
Водоконалтрестан подшефни паровозан кабийнайчохь, машинист хуттучохь накъосташцана суртатӀехь лаьтта М. Шатаев.
1931-чу — 1937-чу шерашкахь Водоконалтрестан управленийн куьйгалхо, Куьрчала кӀоштахула депутат хаьржина къинхьегамхойн депутатийн Совете;
1929-чу шарахь ВКП(б) декъашхо.
1934-чу шарахь Грозненский городской Совете депутат хаьржина, Нохч-ГӀалгӀайн обкоман КПСС декъашхойн кандидат;
1937-чу шарахь Х.Вахаев, М.Мамакаев, Х. Мехтиев кхи дуккха а махкахой цхьана Сибрех вахийтина, Ростов-на Дону цӀе йолчу гӀалахь набахтехь чувоьллина кхо шо зама йаьккхина.
1941-чу шарахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале, бехкехиларан бахьан карца дина паргӀат ваьккхина реабилитацин Ӏалашонан лерамца.
1957-чу 1962-чу шерашкахь Курчала райисполкоман председателан даржахь
хилла[2].
Нохчий, ГӀалгӀай къам Сибрехар цӀа дерзош кхоьллинчу комиссин йукъахь, къаьмнаш цӀа дерзоран хьокъехь жамӀаш деш, накъосташцана дакъалоцуш хилла Председатель Совета Министров Анастаса Микоян волчохь[3].
Болх некъ дӀакхоьхьуш Мохьмада Ӏар-вахар Соьлжа-ГӀалахь хилла.
ТӀаьххьарачу шарашкахь ваьхна Курчалахь, цигахьдӀа а кхелхина.
Remove ads
Виццавар
- Шатаева Махьмада сийнна, Курчала йуьртахь схьа биллина урам.
- 2022 шеран декабрехь Соьлжа-ГӀалин урам Шатаев Мохьмад цӀе тиллина.
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads