Шотланди
Йоккха Британи йуккъа боху мохк From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Шотла́нди (инг. а, скот. аScotland, гэлийн. Alba) — Йоккха Британин автономин административан-политикин дакъа долу мохк[1][2][3].
ДӀалоцу Йоккха Британи гӀайренан къилбаседа дакъа, латта тӀехула доза ду Ингалсца. Кхечу агӀонашкахь Атлантикин океанан хӀордаш ду: Къилбаседа хӀорд малхбалехь, Къилбаседа хидоькъе а, Ирландин хӀорд а малхбузехь а, къилба-малхбузехь а. Британин гӀайрен тӀиера коьрта мохк боцуш, Шотландин иштта ду 790 гергга жима гӀайренаш, дукха дерш тӀехь стаг а воцуш[4].
Эдинбург — Шотландин коьрта гӀала а, барамца мехкан шолгӀа гӀала а йу Глазгон тӀаьхьа. XVIII бӀешарахь Эдинбургах хилира Шотландин Ӏилманан йукъ, цуо Шотландин ладаме коммерцин а, Ӏилманан а, промышленностан а Европин регион хила таро йира. Глазго — уггаре йоккха мехкан гӀала йу, цхьана хенахь йара дуьненан промышленностан гӀаланех хьалха[5]. Шотландин ду Атлантикин океанан хин дакъа, масала, Къилбаседа хӀордах, цунна чохь йаккхий мехкдаьттан меттигаш йу. Барамца мехкан кхоалгӀа гӀала йу, Абердин, Европин мехкдаьттан а, энергетикан а коьрта гӀалацӀе лелайо[6].
Шотландин паччахьалла — маьрша пачхьалкх хилла 854 - 1707 шерашкахь. 1603 шарахь СтюартгӀеран некъех волу Шотландин паччахь Яков VI-гӀа Ингалсан а, Ирландин а дуьххьара паччахь хилира. 1706 шарахь Шотландин а, Ингалсан а йукъахь «Униях барт» кӀела куьг таӀийра, ткъа 1707-гӀа шарахь шинне а мехкан парламенташа ратификации йира «Униях актан», цуо кхоьллира Йоккха Британин паччахьалла[7][8], цул тӀаьхьа Шотландин парламент дӀасахийцира, ткъа марталлин парламент болх бан йолаелира Вестминстерехь.
Шотландин бакъонан система Ингалсан а, Уэльсан а, Къилбаседа Ирландин системех маьрша йисира, иштта, махкахь лелайо шайн долара а, публикан а юакъо[9]. 1997 шеран референдумал тӀаьхьа, 1998 шарахь хилла Шотландин акто 1999 шарахь меттахӀоттийра Шотландин парламент. 2014 шеран 18 сентябрехь махкахь дӀайаьхьна Шотландин маршонан референдум, цуьнан жамӀашца кхаж тесначарех 55,3 % лаам гайтира Йоккха Британин йукъахь йиса[10]. 2016 шеран 23 июнехь Европин барт йукъара арадовларх референдумал тӀаьхьа, цигахь 62 % Шотландин бахархоша кхаж тесира мохк ЕБ йукъара арабаларан дуьхьала (38 % реза бара), Шотландин правительствос[en] сацам бира, шен йозаш йоцу арахьара политика лелор, Европин барт йукъахь дакъа а долуш[11][12].
Remove ads
ЦӀеран этимологи
Истори
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads