Абрамов, Шетиель Семёнович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Шетиель Семёнович Абрамов (1918 шеран 11 ноябрь, Дербент, Дагестанская область — 2004 шеран 14 май, Москох) — советски эпсар, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, подполковник, Советски Союзан Турпал. ТӀом чекхбеллачултӀехьа — Соьлжа-Г1алан мехкдаьттан институтан геологан талламан факультетан декан.
Remove ads
Биографи

Вина 1918 шеран 11 ноябрехь Дербентехь. Иза ламанан жуьгти вара. Цо 10 класс Махачкалахь йаьккхира. 1941 шарахь иза Соьлжа-Г1алан мехкдеттан институтан геологин талламан факультетан 3-гӀа курсан студент вара[1].
1941 шеран июль дуьйна иза эскарехь вара. 1941 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан гӀашсалтин училищен сихйина курсаш[1].
1942 шеран май дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь вара 242-гӀа лаьмний кхиссархойн дивизин взводан куьйгалхо. 1942 шеран 23 майхь цунна чоьлхе чов йинера. Таваллалц иза Новочеркасскан госпеталехь Ӏиллира. Товеллачул тӀехьа иза Сталинградан фронте хьажавира. Цигахь цо тӀом бира 76-гӀа кхиссархойн дивизин 107-гӀа кхиссархойн полкан талламхойн взводан куьйгалхо волуш. 1942 шеран 27 сентябрехь цунна шозлугӀа чов йира. КхозлугӀа чов йинчултӀехьа иза госпитале хьажавира[1].
1943 шеран аьхкенан дуьйна иза вара 82-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 246-гӀа гвардин кхиссархойн полкан ротан куьйгалхо. 1943 шарахь цо дакъалецира Донбасс а, аьрру баьрдан Украина а схьайоккхарехь. 3-гӀа Украински фронтан йукъахь волуш цо дакъалецира Ингулец а, Ингул а, Къилбера Буг а хишх дехьадовларехь, Одесса маршайаккхарехь а. 1944 шеран августехь Абрамовс дакъалецира 1-ра Белоруссин фронтас Вислан аьрру бердан тӀехь йолу плацдарм схьайаккхарехь, Варшава а, Лодзь а маьршайаккхарехь а[1].
Цо къаьстина хьуьнур гайтира Познань гӀала маьршайоккхуш. 1945 шеран 19 февралехь цуьнан батальонан хьаькиман чов йинчул тӀехьа цо куьйгалла шена тӀелицира. Познань схьайоккхуш цуьнан батальоно 400 сов мостагӀ хӀаллак а вира, шорт мостагӀи салтий схьа а лецира[1].
1945 шеран 31 майхь ССРС Лакхара Советан Президиуман омраца мостагӀан цо гайтина йолу майраллина гвардин капитанан Абрамов Шатиель Семёновичан йелла Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1945 шеран март чекхйолачу хенахь Абрамован батальонас Кюстрин цӀе йолу гӀап схьайаьккхира (тахана ОдратӀехь-Костшин). Цул тӀаьхьа цо Берлин схьайоккхуш дакъа лецира. ТӀема хенахь цунна ворхӀ чов йира. 1945 шеран 9 апрелехь цунна майоран дарж делира[1].
1945 шеран июлехь иза М. В. Фрунзен цӀарах йолу Эскаран академе деша хьажийра. Цигахь доьшуш хенахь полигонехь иза лазавира. И лазор бахьнехь цуьнан эскаран болх бита дийзира[1].
Иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. 1949 шарахь цо мехкдаьттан институт чекхйаьккхира. 1992 шо кхаччалц цо мехкдаьттан институтехь болх бира. Цигахь иза тӀаьххьара геологин талламан факультетан деканан дарже кхечира[1].
1993 шарахь иза Москва дӀавахара. Велла 2004 шеран 14 майхь. ДӀавоьллина Домодедовски кешнашкахь[1].
Remove ads
Публикациш
- Нефть, её назначение, методы разведки и добычи. Грозный, 1956;
- Богатство недр Чечено-Ингушетии. Грозный, 1966.
СовгӀаташ[1]
- Советски Союзан Турпал (1945 шеран 31 май[2]);
- Ленинан ордена (1945 шеран 31 май[3]);
- ЦӀен Байракхан орден (1945 шеран 11 февраль[4]);
- шиъ 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1944 шеран 29 август, 1985 шеран 11 март[5]);
- 2-гӀа даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1944 шеран 27 май);
- ЦӀен Седан орден (1943 шеран 9 август);
- мидалш.
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ӏилманан Сийлахь гӀуллаккхо, геологин минералийн Ӏилманийн кандидат[1].
Дагахьлаттавар
Дербентехь иза винчу цӀин тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1].
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads