Ахтычай
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ахтычай, АхцахӀвацӀ (Кябякчай лакхенехь[2], лаьзг. Ахцегьвацl) — Российн (ДегӀаста) эрк, Самуран аьтту эрк. Охьадоьду Рутулан а, АхцахӀан а кӀошташ. Дохалла — 63 км, бассейнан майда 963 км²[2].
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Remove ads
Географи
Ахтычай долало Коьрта Кавказан дукъан къилбаседа-малхбален басен шовдан тӀиера, чукхета аьтту агӀора Самур эрках, хикхочел 101 км лакхахь.
Ахтычай эрк ду уггаре шорта хи долу Самур эркан га. Эркан дохалла 63 км, хи дужу 2300 м лакхара, хи гулдаран майда – 963 км², локхаллин юккъера барам – 2590 м. Доккхаха долу хин дакъа (84 %) эрко схьаоьцу 2000 м лакхара.
Харш тархаш долуш ду, билгалдаьккхина тайп-тайпана чолхаллин шивераца. Тархаш лекха дац, дукхах дерг 0,5-1 м. Кхолладелла чхьаьрнаш гулдалар бахьнехь, наггахь тархийн породаш харш чу охьа а йогӀий пурх хӀоттар бахьнехь. Лакхенашкахь а, юккъехь а бердаш лекха дац, цхьа метр гергга, лаьтта гӀамаран саз-латтан а, тархийн сицкъаран а породех. Эркан лахенашкахь, тӀаьххьара 26 километр юкъахь, бердаш лекха ду. Гдымчай эрк кхетначул тӀаьхьа, Ахтычай охьадоьду кӀоргачу Ӏин чухула. Хин шоралла тайп-тайпанчу меттигашкахь хийцало 2 - 15 метр, кӀоргалла 10 см - 1,2 м. Эркан сихаллин юккъера барам бу 1-2 м/с, цхьаццанхьа 4-5 м/с.
Remove ads
Гидрологи
Эркан хи цхьабосса латтадо дешначу шаш а, лайш а, догӀано а, лаьттан бухарчу хиш а. Шеран юкъахь хи цхьабосса охьа ца догӀу. Уггаре дистина эрк хуьлу май баттера август бутт кхаччалц, оцу хенахь шарахь охьадогӀучух 60 % хи чекхдолу эрках. Сих-сиха хуьлу кхераме гидрологин хиламаш бохаме стигал къекъаш догӀучу догӀан а, Ӏоврийн а кепара (1988 а, 1997 а шераш).
Шарахь дойу хин юккъера барам — эркан хикхочехь хуьлу 15,8 м³/сек, максимум – 550 м³/сек, минимум – 1,75 м³/сек. Эркан хиш дистинчу муьрехь чӀогӀа боьха хуьлу. Хин боьхалла цкъаццӀа кхочу 120 000 г/м³ гергга.
Remove ads
Геннаш
Ахтычай эркан коьрта геннаш
Дерриг геннаш Ӏовраш яхьаш ду.
Эрк Ӏамор а, хин бахаман маьӀна а
Эркан раж теллина 3 постехь: Хнов, Смугул, АхцахӀ (йолуш йолу).
Эркан ладаме хин бахаман маьӀна ду. Иза леладо хи латтош а, хи дуьллуш а уллехь йолчу эвланашна а, аренашна а. Эркан тӀаьхь болх бо АхцахӀан ГЭСо (иза йина 1957 шарахь).
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads