Вриджи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Вадджи я Вридджи (Vṛji IAST) — Шира ХӀиндин коьртачех цхьа махаджанапада. Хьахийна буддийн «Ангуттара-никая» текстера а, джайнин «Бхагавати-сутра» трактатера а 16 махаджанападийн испискехь.[1] Шен цӀе махаджанапада кхьаьчна цуьнан куьйгалла дечу Вридджи некъех, цуо хьахабо Панини, Каутилья, Сюаньцзан.[2] Махаджанапада Вадджи лоцура мохк Ганг тӀиера къилбехь непалан Терай регионе кхаччалц къилбаседехь. Махаджанападийн малхбузан доза хила тарло Гандаки хи. Малхбалехь цуьнан мохк баьржинера Коши а, Махананда хиш тӀе кхаччалц. Вадджи коьрта шахьар яра Вайшали. Кхин ладаме нах беха меттигаш хилла Кундапура я Кундаграма (Вайшалин йист), Бхоганагара, Хаттигама.[3]

Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads