Геосфера

From Wikipedia, the free encyclopedia

Геосфера
Remove ads

Геосфера (схьадаьлла желт. γῆ — Дуьне а, σφαῖρα — горгал) — планета Дуьне кхуллу сферин чкъоьрнаш (цахедда а, хедда а).

Ма-дарра Чоьхьара:, Арахьара: ...
Remove ads

Сурт хӀоттор

Геосфераш хьалхий-тӀаьхьий хийцало, Дуьненан йуккъера дӀасайоьду, уьш вовшех хьакхало (чучча йоьду) шортенехь а, хенашкахь а (цхьаьна геосферера кхечуьнга дехьайолу), амма шен кхоллайаларехь а, болхбарехь а шен лаамехь йу.

Геосфераш вовшашца уьйранаш йолуш йу, кхуллу цхьаьнаэшшара динамикин система[1].

Истори

Дуьненан хьолех лаьцна дуьххьара жамӀ дина, геосферийн синтетикин концепци кхоьллина геолого Э. Зюсса, цхьа могӀа ойланаш аратеттина географо А. Геттнера.

Россехь Ӏаламан зонаш глобалан масштабехь кечйина В. В. Докучаевс[2].

Тайпанаш

Масех коьрта геосфера билгалйаккха мегар ду:

Ма-дарра Геосфера, Кхоьллина млрд шо хьалха ...
Кхин тӀе геосфераш
Thumb
Геосфераш — Коьрта чкъоьрийн хадийна гайтина дозанаш

Цхьацца Ӏилманчаша къастайо адаман гӀуллакхца уьйр йолу шолгӀа (антропогенан) геосфераш:

  • Антропосфера — сурт хӀоттийна Д. Н. Анучина, 1902
  • Ноосфера — сурт хӀоттийна В. И. Вернадскийс, 1944
  • Социосфера — сурт хӀоттийна Ю. К. Ефремовс, 1961
  • Техносфера

Вайн планетийн хӀоттаман анализ йаьккхича къастало комплексан (хӀоттаман):

  • Биогеосфера — педах тера хьалхара геосфера йа хӀокху заманан глобалан экосистема. Н. А. Солнцевс ландшафтйовзарехь къастайора фитосфера а, зоосфера а.
  • Гляциосфера а, Криосфера а — Дуьненан шен чкъор (Гуттаренна а гӀорол, ша, ло, йис)
  • Ӏапказсфера — хӀордийн а, Ӏапказийн а хин геосфера[3].
  • Педосфера — лаьттан а, саззан а чкъор.
  • ДӀайоьллина биосфера — лаьттан бухара кӀоранаш, сланцаш, кир-маьӀда.

Геосферийн хьакхало а, вовшашца уьйр хуьлу а Ӏаламан цхьаьнатоьхна хьелаша, къастайо спецификин сфераш йа чкъоьрнаш:

Дуьненан геосферех лаьцна Ӏилманан йукъайоьду геосферологи, ноосферологи, кхин йерш а. ХӀора геосфера, тайп-тайпана тӀегӀанашкахь, Ӏамайо ша долчу Ӏилмано йа Ӏилманан агӀоно ( геологин циклан Ӏилманаш).

Хьажа кхин а

  • РӀА геосферийн динамикин институт
  • Дуьне
  • Стигалан сфера

Литература

  • Круть И. В. «Введение в общую теорию Земли». — М.: Мысль, 1978. — 368 с.
  • Ласточкин А. Н. Системно-морфологическое основание наук о Земле (Геотопология, структурная география и общая теория геосистем). — СПб.: Издательство НИИХ СПбГУ, 2002. — 762 с. — ISBN 5-7997-0450-9.
  • Ясаманов Н. А. Основы геоэкологии. Учебное пособие для вузов. — М.: ИЦ «Академия», 2003. — 352 с. — ISBN 5-7695-1043-9.

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads