Луьсталла

From Wikipedia, the free encyclopedia

Луьсталла
Remove ads

Ба́хархойн лу́ьсталла — 1 км² мехкан кхочу бахархойн барам. Бахархойн лусталлин чот йеш таро йун ах ца беха меттигаш а, даккхийра чоьхьара хин аренаш а йукъара йаха. Бахархой йуккъера луьсталла йоцуш, лелабо цхьацца лусталлин гайтамаш йартийн а, гӀалийн а бахархошна.[1]

Thumb
Дуьненан бахархойн луьсталла (1994 шо)

Дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла 2013 шеран хьолан йара 52 стаг км² тӀехь[2], ткъа Антарктидан а чот йича 48 стаг км² тӀехь. Бахархойн барам тӀекхетчи, тӀекхета цуьнан луьсталла а. 1890 шарахь дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла йара 12 стаг цхьаьна км², 1950 шарахь хилира 18 стаг, ткъа 1992 шарахь — 40 стаг[3].

Remove ads

Стен бо бахархойн луьсталлин Ӏаткъам

Адамаш цхьатерра декъаделла дац дуьненан эхигашна тӀехь. Дукхаха берш беха Къилбаседа (90 %) а, Малхбален (85 %) а дуьненан эхигашкахь. Бахархойн луьсталла чӀогӀа, иттаза сов а, къаьста материкашна йукъахь. Кхин а чӀогӀа йу башхаллаш бахархойн луьсталлехь дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь.

Адамаш охьаховшаран, цигара схьа бахархой луьсталлин Ӏаткъам бен факторш йу[3]:

  1. ХӀордан генахь-гергахь хилар
  2. Меттиган абсолютан локхалла
  3. Меттиган рельеф
  4. Мохк караберзийна хан
  5. Климат
Remove ads

Бахархойн тайп-тайпана луьсталла йолу латтанийн масалаш

Хаамаш терхьашкахь: стаг квадратан километрна

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads