Нобель Альфред
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Нобель Альфред (шведийн маттахь Alfred Bernhard Nobel; вина 21 октябрь 1833- кхелхина 10 декабрь 1896) — шведийн химин Ӏилманча а, инженер а, кхоллархо а, хьуьнарча а, филантроп а ву.
Нобель вевзаш ву динамит кхоьллинарг санна[6][7], иштта цуьнан долехь Бофорс компани йара. Йуьхьанцара и компани металлурги йукъахь белхаш беш йара, тӀаьхьо Нобелс цуьнан белхаш химин а, йоккхачу тоьпан а индустрин агӀора берзира. Нобелин кхо бӀе шовзткъе пхийтта тайп-тайпана патент йара, царна йукъахь уггар йевзаш динамит йу. Ша герз духкуш ахча даккхарна бехкевеш волу хеназа кадам (некролог) бешначул тӀаьхьа, Нобело весет дира шен дерриг даьхни Нобелин совгӀаташ[8][9] кхолла тӀехьажа дан. Нобелин совгӀаташ ло физикехь а, химехь а, медицинехь а, литературехь а, барт-машар чӀагӀбарехь а кхиамаш баьхначу нахан. Нобелин цӀе лелош йу Dynamit Nobel а, AkzoNobel а компанеш. Уьш цо кхоьллинчу компанешца дӀаийна тӀаьхьенаш ю[10].
Remove ads
Хьостанаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads