Таьлланг
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Таьлланг — дуткъа а, деха а тайп-тайпанчу гӀодан (бецан йа дечиган[1]) цӀе, уьш йу коьртаниг Кемсийн (Vitis) тайпана, ткъа иштта кхин цхьацца кепара Дак (Salix) тайпана[2]; готтачу маьӀнехь леладо дукха хьолахь кемсийн маргӀалшна а, Кемсийн (Vitaceae) берриг доьзална а[3]. Наггахь таьлланг харц олу йерриг кемсийн ораматах[4].
Башха хьа́сан гӀоьнца таьлланг хьаьрча ораматех а, кхин гӀортолех а, цуо таро йо шен коьрта функцеш кхочушйан — йерриг ораматан гӀо дан и кхин дӀа а кхиийта[5]. Цуьнан иштта Ӏалашо йу вегетативан дебийтар. КӀеда хьесий алсама хиларо таьллинган саттар ло, экамалла ца хуьлийта, тарло маргӀал тоян нагахь лазайахь. Таьлланг сетташ хиларо таро ло ораматан орамат дийна йисийта, нагахь гӀортол кагйелла меттиг хилахь[1].
Дукха хьолахь таьлланг бахьнехь кхуьуш йолу ораматаш къовсало орамат-«гӀортолца» (серло а, даар а къовсуш) йа таро хуьлу цунна зулам дан[1].
Remove ads
Хьажа кхин а
- Тиекха ораматаш
- Таьллангаш хьерчар
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads