Хьехола

From Wikipedia, the free encyclopedia

Хьехола
Remove ads

Хьехола — керла Ӏамола Ӏамо Ӏалашо йолу дешар дӀадахьаран кеп. Иштта кеп лелайо классан-хьехолан Ӏаморан система хилча, классана а йо, аьлчи а гуттаренан а дешаран тобана.

Thumb
Йуьхьанцара ишколан 1 классера хьехола, Саратов, 1955-56 дешаран шо

Ишттачу кепара дӀайоьду хьехолаш дукхаха йолчу йукъара дешаран программа кхочушъеш йолчу дешаран кхолламашкахь (ишколашкахь, лицейшкахь, гимназешкахь, колледжашкахь, кхин дӀа а) классан-хьехолан Ӏаморан системан хьолашкахь.

М. А. Мкртчянан дешаран хьехолийн типологешкахь хьехола йу тобанан дешаран цхьа кеп.

Remove ads

Хьехолийн кепаш

Хьехолийн коьрта кепашна юкъайогӀу:

  • иэйина хьехола;
  • керла материал йийцаран хьехола;
  • керла материал чӀагӀъяран а, практикехь хаарш а, хьуьнарш а даран хьехола;
  • ша болхбен хьехола;
  • хьехола-конференци а, хьехола-семинар[1] а;
  • Ӏамош йолу материал карлайаккхаран а, жамӀдаран а, систематизацияран а хьехола;
  • зиеран а, хаарийн, хьуьнарийн мах хадоран хьехола;
  • интеграцин хьехола, кхин дӀа а.
  • интержигара хьехола

Оцу хьехолийн кеп лелош кхоъ гӀирс хилабеза — дешархочун электронан жайна, хьехархочун электронан жайна, интержигара у. Юкъаметтигийн принцип атта йу: электронан жайна хӀоттийна дешархочун планшет тӀе. ХӀора дешархочун планшет, шен рогӀехь, зӀе йолуш йу цхьаьна машанца интержигара уьнца а, хьехархочун планшетаца а.

Электронан жайнашна чохь йу гиперхьажоргаш чухӀоттийначу энциклопедин, алсамо даржийна суьрташ кего йиш йолуш, жайнин тайп-тайпана дакъошна юкъахь кросс-хьажоргаш йу. Ишттачу жайнахь лело таро ю дешархошна Ӏамийна материал дика караерзийта аудио- а, видео- а материалаш, графикаш.

Цуьнца цхьаьна паргӀата Интермашана чувала а, планшет тӀе ловзарш хӀиттадар а блок хӀоттийна ду[2].

Remove ads

Хьехолин йохалла

Хьехолаш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь йохаллица къаьста. Иштта, масала, Японехь йуккъерачу а, лакхарчу а ишколехь лаьтта 50 минотехь.

Россехь хьехола лаьтта 40 я 45 минотехь, царна йукъахь мукъа хан хуьлу — хийцам (5-15 минот, наггахь сов, делкъен). О. А. Саввинас а, И. А. Марушкинас хӀоттам бина, Россехь хьехолин йохаллин истори чолхе хилар. Масала, 1828 шарахь хьехола лаьттина 90 минотехь[3], ткъа 1865 шарахь — 60 минотехь[4]. Наггахь цхьана дешаран говзаллин хьехолаш шала еш хилла (дукхах дерг лицейшкахь а, лакхарчу дешаран меттигашкахь а), царна йукъара хийцам бац а беш. Цхьаьна ишколашкахь хьехолин йохалла гуттаренна а цхьаъ хуьлу, ткъа кхечунхьа йозу хьехолин лоьмарах а, кӀиранан дийнах а. Дезачу деношна хьалхарчу деношкахь хьехолин йохалла дешаран меттиган администрацин сацамца яццо таро йу. Хьалхарчу эха шарахь хьалхарчу классийн хьехола 35 минотехь лаьтта.

Remove ads

Хьажа иштта

  • Классан-хьехолин Ӏаморан система
  • Дешаран меттагийн тайпанаш

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads