Азербайджанийн мотт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Азербайджа́нийн мотт (шеш олург: Azərbaycan dili, آذربايجان ديلی, Aзәрбајҹан дили) — азербайджанаша буьйцу мотт, туьркийн меттанех цхьа мотт, дукхаха болчара йукъатуху алтайн меттан доьзалан туьркийн геннан къилба-малхбузан (огузийн) тобанан, амма цуьнца цхьаьна йолу амалаш, йогӀу кыпчакийн ареалан меттанашца.
Азербайджанийн мотт | |
---|---|
Шен цӀе: |
Azərbaycan dili, آذربايجان ديلی Азәрбајҹан дили |
Пачхьалкхаш: | Азербайджан, Иран, Гуьржийчоь, Росси, Украина, Германи, АЦШ, Ӏиракъ, Туркойчоь, Шема, Кхазакхстан, Йоккха Британи, Эрмалойчоь (1988 шо кхаччалц)[1][2][3] |
Регионаш: |
Иранехь: Малхбуза Азербайджан, Малхбален Азербайджан, Ардебиль, Зенджан, Казвин, Хьамадан, Кум; частично Меркези, Гилян, Кхурдистан; анклаваш Мазендеранера а, Хорасане-Резавира а; гӀаланашкахь ТехӀран, Кередж, Мешхед. Гуьржийчохь: Марнеули, Болниси, Дманиси, Гардабани; гулахь Сагареджохь, Каспихь, Мцхетехь, Цалкехь, Лагодехи, Карелехь, Тетри-Цкарохь, Горихь, Телавихь; гӀаланашкахь Тиблисехь, Руставехь, Дедоплис-Цкарохь. Россехь: гулахь ДегӀастанехь (Дербентан, Табасаранан, Рутулан, ГӀизларан кӀошташкахь); кхин а дуккха а Российн гӀаланашкахь. Туркойчохь: гулахь Карсехь, Игдырехь, Эрзурумехь; кхин дуккха Туркойчоьнан гӀаланашкахь. Ӏиракъехь: Ӏиракъийн туркманийн меттадакъош, Шемахь: Шеман Туркманаш[4][5][6]. |
Официалан мотт: | |
Нисдеш организаци: | — |
Мотт буьйцурш: | 25—30 млн[8][9][10][11][12][13]. |
Рейтинг: | 30 |
Классификаци | |
Категори: | Евразин меттанаш |
Алтайн меттанаш (гипотетикин доьзал) |
|
Йоза: |
латиница (Азербайджанехь) кириллица (ДегӀастанахь / Россехь) Ӏаьрбийн йоза (Иранехь) |
Меттан кодаш | |
ISO 639-1 | az |
ISO 639-2 | aze |
ISO 639-3 | aze, azj, azb, qxq, slq |
WALS | aze |
Ethnologue | aze |
ABS ASCL | 4302 |
IETF | az |
Glottolog | mode1262 |
ХӀокху маттахь Википеди |
Морфологин могӀанца азербайджанийн мотт агглютинативан, синтетикин[14] ду. Лексика лаьтта ладаме барам иранийн а, Ӏаьрбийн дешнех[15]. Фонетикин Ӏаткъам хилла гӀажарийн маттера.
XX бӀешеран дохаллехь азербайджанийн йоза доьазза хийцаделла. Тахана азербайджанаша леладо кхаа кепара йоза: Ӏаьрбийн — Иранехь, латиница — Азербайджанехь, кириллиц — ДегӀастанехь (Россехь). Хьалха азербайджанийн мотт бевзара тайп-тайпана лингвонимашца, амма XIX бӀешарахь дуьйна гучуйолу хӀинца йолу цӀе . Таханлера литературин азербайджанийн мотт кхоллабелла бакохан а, шемахин а меттадакъийн бух тӀехь[16].
Иза бу Азербайджанан пачхьалкхан мотт а, ДегӀастанан (Росси) пачхьалкхан меттанех цхьаъ а. Баьржина кхин а азербайджанаш гулахь бехачу меттигашкахь, масала, Иранехь (Иранан Азербайджан) а, Гуьржийчохь (Квемо-Картли). Мотт буьйцучера йукъара барам 25—30 млн стаг.