Дешаран де
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дешаран де (1 сентябрехь) — 1984 шарахь дуьйна ССРСн пачхьалкхан Ӏида, юкъадаьккхина 1984 шеран 15 июнехь арадаьккхинчу ССРС Лакхара Советан Президиуман № 373-11 «1 сентябрь дерриг халкъан Ӏида — Дешаран де – кхайкхорах» цӀе йолчу Омарца[1]. Иштта ду официалан Ӏида цхьайолчу советийн хиллачу пачхьалкхашкахь а, масала, Россехь, Украинехь[2], Белоруссехь[3]. Балхара мукъа де дац. Нагахь 1 сентябрь кӀиран денна нислахь даздаран линейкаш 2 сентябрехь йо.
Доца факташ Дешаран де, Терахь ...
Дешаран де | |
---|---|
| |
Терахь | 1 сентябрехь |
Ламасташ |
ишколан духар зезагаш |
![]() |
ДӀачӀагӀа
1 сентябрь — керлачу дешаран шеран юьхьиг дукхаха болчу российн дешархойн, студентийн, хьехархойн.
Ламаст хилла оцу дийнахь ишколашкахь даздаран линейкаш, классан сахьташ, хааран а, машаран а, кхерамазаллин а, майраллин а Ӏамолаш яр.