From Wikipedia, the free encyclopedia
Маколей Карсон Калкин[1] (инг. Macaulay Carson Culkin; 26 август 1980 — Манхэттен) — Голливудан исторехь долчу сийлахь берийн актёрех цхьаъ ву, цо коьрта роль ловзийна кху фильмашкахь «Дада Бак» (1989), «ЦӀахь цхьаъ» (1990), «Сан йоӀ» (1991), «ЦӀахь цхьаъ 2: Нью-Йоркехь вайна» (1992), «Дика кӀант» (1993), «Хьал долу Ричи» (1994) а, «АгӀонийн омранча» (1994) а. Цуьнан гӀарайаьлла фильм йу «ЦӀахь цхьаъ» цу чохь цуьнан цӀе йара «Кевин Маккаллистер» аьлла. Дукхах болчу нахана гӀараваьлла вевзаш ву иза цу цӀарца.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Маколей Калкин | |
---|---|
инг. Macaulay Carson Culkin | |
| |
Бакъ цӀе | Маколей Карсон Калкин |
Вина терахь | 1980 шеран 26 август (43 шо) |
Вина меттиг | Манхэттен, Нью-Йорк, АЦШ |
Гражданалла | АЦШ |
Говзалла | актёр |
Карьера |
1985—1994 2003 — хӀинц. хенахь |
СовгӀаташ |
«Жима актёр» (1991) MTV Movie Awards (1992) |
IMDb | ID 0000346 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Маколей Калкин вина Нью-Йоркехь йолу манхэттен кварталехь, хилла волу бродвейски актёран Кристофер Корнелиус Калкинан а, Патрици Брентрапан а доьзалехь. Маколейн да-нана граждански бракехь Ӏаш дара. ВорхӀ берашна йукъахь кхоалгӀаниг ву иза. Цуьнан виъ ваша ву: Шейн Арлисс (1976), Киран Кайл (1982), Кристиан Патрик (1987) а, Рори Хью (1989) а, ши йиша а: Дакота (1978—2008) а, Куинн Кэй (1984) а. Маколей — Бонни Беделиа актрисин вешин кӀант ву.
Маколей вечу хенахь цуьнан доьзал чӀогӀа хьал долуш дацара. Цуьнан нана телефонисткин болх беш йара, а дас актёрски карьерца Ӏодика йина хилла, и шаберш цIинцIолг квартирехь Ӏаш бара. Маколей католикийн ламасташкахь кхиийна хилла, пхеа шарахь Католикийн школе ихна иза.
Маколейн актёрски дебют 4 шарахь лаьттина. Цо дуьххьара коьрта роль ловзийна «Дада Бак» (1989) фильмехь, цуьнца волу декъашхо Джон Кэнди вара. 1990-чу шарахь экранаш тӀехь арахаьцна комедийн блокбастер «ЦӀахь цхьаъ», Калкинан карьерехь дохораг хилла йолу. Кевин МакКаллистеран рольо Деши Глобусехь хьалхара номинаци кхачийна цуьнга.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.